Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан декъалдар

Берриге а бусалбанаш декъалбо сийлахь Рамазан бутт д1аболабаларца!

Берриге а бусалбанашна беза а, сийлахь а болу хIара бутт тIекхаьчча даккхийдеш, самукъадаьлла, Лекхахинволчу АллахIана хастам беш ду вай ваьш хIокху батте дахарна, вайна марха кхаба, дика Iамалъян, Iибадат дан аьтто барна.

Рамазан – иза вайн ийман зуьйш болу бутт бу. Вайн къиношна гечдайта уггаре а дика хан ю хIара. Вайгара эгначу къиношна гечдар доьхуш дийнахь а, буса а Деле доIанаш дан деза вай, тобанаш карладаха деза.

Рамазан – Везахинволчо вайна дина совгIат ду, вай кхин а дика, кIеда-мерза, гIиллакхе хилийта, ваьш дечуьнга юхахьовсийта, цуьнан хьокъала боллу мах хадабайта. Вайна Дала хIара бутт баийтина Исламан цIеначу новкъа дIадахарна новкъарло еш мел долчех вай дIакъастийта, вай цIиндалийта.

ХIокху Рамазан баттахь вай АллахIе доьхур ду Нохчийн Республикехь а, Ерриге а Россехь а машар, беркате дахар, токхо хилийтар, вайн гергарчеран, бевза-безачеран могашалла, аьтто хилийтар.

Лаьа шун массеран а могашалла, ирс, барт, дикачу гIуллакхашкахь аьтто хуьлийла. Везахинволчу АллахIа ирсе, маьрша, синтеме дахар лойла шуна. Дала къобалдойла шун марха. Дала жоп лойла шун дехаршна-доIанашна.

ХIара беза шахIру Рамазан беттан марханаш кхаба Везачу АллахIа могашалла, ницкъ, ийман лойла шуна.

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: