Республикехь уггаре а деха тIай хир ду

Автомобилийн некъийн министерствос дIаболийна республикехь уггаре а деха хир долу тIай тилларан белхаш. Иза «Ищерски – Соьлжа-ГIала» некъан 4-чу километрехь Терк хинна тIехула хир ду. ХIинццалц цигахь хилла долу тIай, чудожа кхерам а хилла, яккхийчу машенашна дIакъевлина дара дIадаханчу шеран IаьнтIехь дуьйна. Керла тIай цунна 20 метр генахь хир долуш ду.

ТIай

Министерствон хаамийн отдело дийцарехь, тIай тилларан белхаш 2018-чу шарахь чекхбохур бу. Министерствон планаца нийса а догIуш, и тIай 2021-чу шарахь бен тилла доло догIуш дацара. Амма, Невран а, Теркан а кIошташка дIасалелачу яккхийчу машенийн 40 сов километр гуотаса безаш хилар бахьана долуш, чIогIа хала хуьлура водительшна. И хьал шена девзинчул тIаьхьа, республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана, федеральни тIегIанехь цуьнан финансийн гIуллакх хьахорца, гIо-накъосталла а дина, карарчу шарахь дуьйна цу тIехь белхаш дIаболо аьтто баьлла министерствон.

Проектана финансировани федеральни а, республикин а бюджеташкара ян йолийна. Проект кхочушъярехь къахьоьгуш «Спецдорстрой» цIе йолу компани ю.

ТIай 293 метр деха а, 15 метр шуьйра а хир ду. 1,2 метр шуьйрачу 111 бIогIамна тIехь лаьтташ хир ду тIай – 24 метр лаьттах боьгIна 36 бIогIам хир бу. 75 бIогIам 18 метр кIорга боьгIна хир бу.

Карарчу хенахь тIаьштахкархой дIадогIа леринчу бIогIамашна оьрнаш дохуш бу. Цул сов, тIай туьллуш хино новкъарло йийриг хиларца доьзна, лаьтта яккхий биргIанаш а ехкина, иза царна чухула охьахеца (белхаш чекхбовллалц) сацам а хилла.

Проект ГIебартойн-Балкхаройчоьнан пачхьенерчу Нальчикерчу «Автодор» цIе йолчу компанин говзанчаша хIоттийна. Цара билгалдаккхарехь, Нохчийчохь Терк хинна тIехула туьллучу шолгIачу тIайн проект ю «Автодоран» говзанчаша хIинца хIоттийнарг. Хьалхара тIай – 2012-чу шарахь автомобилийн некъийн министерствос Гуьмсан кIоштарчу Хьаьнгиш-Юьртахь тиллинарг дара (иза Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIе лелош ду).

– Тхайн говзанчаша хIоттийначу проекта тIехь беш болу болх чаккхене берззалц тидамехь латтадо оха и гIуллакх. Карарчу хенахь хIокху проектан уггаре а коьрта дакъа ду кхочушдан долийнарг – тIайн бух кечбар. Цундела, тхайн компанин масех коьрта говзанча а валош, даьхкина тхо кхуза, – элира «Автодоран» коьртачу говзанчас Рахаева Марема.

Цо дийцарехь, Нохчийчоьнан автомобилийн министерствоца, цуьнан шен говзанчаш а, гIирс а (ГIебартойн-Балкхаройчохь а йоцуш йолу бурун машен ю республикин автомобилийн министерствон долахь), республикин Куьйгалхочуьнгара гIо-накъосталла хиларна, хаза а хеташ болх бо церан компанис.

И.АДАМОВ

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: