Иза 69 шо хьалха дара… 1947-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де дара… Оцу дийнахь ООН-н Генеральни Ассамблейс Палестина шина декъе (Iаьрбийн а, жуьгтийн а пачхьалкхашка) екъаран хьокъехь резолюци тIеийцира. Иштта дIаболабелира палестинхойн халкъо, цхьа де а юкъара ца долуш, таханлерчу дийнахь а цхьаьна ловш болу бала: шаьш шайн мехкан дай цахилийтар, хIора шарахь пачхьалкхан дозанаш гатдалар, кхачанан а, мехкадаьттан а сурсаташ Израилан пурбанца бен махка кхочуш цахилар; Израилан эскарша сих-сиха «зачисткаш» яр, иштта дIа кхин а.
Цул тIаьхьа 30 шо даьлча, 1977-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 2-чу дийнахь, Палестина шина декъе екъаран хьокъехь резолюци тIеэцначу ООН-н Генеральни Ассамблейс, A/ RES/32/40 цIе а йолуш, кхин цхьа резолюци а тIеоьцу – хIинца лахьанан (ноябрь) беттан 29-гIа де Палестинин халкъан баланах дакъа кхачаран дуьненаюкъара де дIакхайкхош (International Day of Solidarity with the Palestinian People). Оцу дийнан кхин цхьа цIе а ю – палестинхойн халкъах доглазаран дуьненаюкъара де – Доглазаран де (Solidarity Day).
2005-чу шарахь дуьйна оцу денна лерина дIа мел хьочу мероприятешна (муьлххачу пачхьалкхехь а) Iуналла деш ю ООН-н секретариатан палестинхойн бакъонехула йолу отдел. ХIоразза а оцу отделан гIоьнца дIахьош бу дуьненахь а гIарабаьлла болу «Палестинхойн бакъонаш» цIе йолу гайтам.
Доглазаран де (Solidarity Day) цхьана а махкахь пачхьалкхан дезде санна дIакхайкхийна дац, амма ООН-н цхьайолчу подразделенешкахь а, тайп-тайпанчу пачхьалкхийн векалаллашкахь а, палестинхошна гIо дарехь къа мел хьоьгучу организацешкахь а билгалдоккхуш ду. Цул сов, оцу денца йоьзна йолу мероприятеш шуьйрачу хаамийн гIирсашкахь (къаьсттина онлайн-гIирсашкахь) а йовзуьйту. Оцу мероприятешкахь, дукха хьолахь, Палестинин юкъараллин а, культурин а, цигарчу мухIажарийн а хьал а, статус а йийцаре йо.
Палестина Герггарчу Малхбалера пачхьалкх, аьлча а, кхачам боллуш пачхьалкх кхолларан Iалашонца ехаш йолу регион ю. ООН-н декъашхо йолчу 193 пачхьалкхах 136-ммо иза, цхьаннах йозуш йоцу, кхачам боллуш пачхьалкх ю аьлла, къобалйина. Делахь а, ма-дарра долу хьал иштта атта дац цигахь…
Карарчу хенахь а къастийна дац Палестинин дозанаш. Цуьнан куьйгалло чIагIдарехь, палестинхойн пачхьалкхан латтанашна юкъа Иордан хинан Малхбузехьара берд (цунна юкъа Малхбален Къудс а йогIу) а, Газан сектор а йогIу. Амма, цкъачунна, оцу декъехь бина цхьа а сацам бац.
Палестинин пачхьалкхалла, 1988-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 15-чу дийнахь Алжирехь дIаяьхьначу Палестинин къоман кхеташонан (Палестина маьршаяккхаран организацин (ПМО) кхеташонан лакхара орган) сессехь 253 декъашхочо «хIаъ» а, 46-ммо «хIан-хIа» а, 10-ммо хIумма а цааларца нийса а догIуш дIакхайкхийна ю. Кхузахь билгалдаккха догIу Палестина маьршаяккхаран организацис шен пачхьалкхан ду аьлла билгалдаьхна хиллачу латтанашна Iуналла деш цахилар.
1994-чу шарахь, 1993-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 13-чу дийнахь Ослохь (Норвегин пачхье) Израилан а, ПМО-н а векалша бинчу Бартаца нийса а догIуш, Палестинин къоман администраци кхоьллина. Амма, оцу Барта тIехь палестинхоша йозуш йоцу пачхьалкх кхоллар хьахийна дацара.
Цундела, «де-факто», Палестина хIинца а йозуш йоцу пачхьалкх санна кхоллаелла яьлла яц. Йозуш йоцучу пачхьалкхан ерриге а структура кхоьллина яц (масала, полици ю, амма эскар дац). Цул сов, Иордан хинан Малхбузехьарчу бердан доккхах долу дакъа Израилан эскарша дIалаьцна ду, ткъа Малхбалехьара Къудс нуьцкъала Израилан латтанашна юкъатоьхна. Палестинин «дозанаш» а ду (Мисараца долу доза доцург) Израилан эскарша дола деш латтош. Цуьнца нийса а догIуш, Палестинин латтанаш, церан урхаллин органаш йоллушехь, ООН-хь Израило нуьцкъала дIалаьцна ларалуш ду. ПМО-н декъашхоша Палестинах «Израило нуьцкъала дIалаьцна болу мохк» олу.
Амма уггаре а халахетарг а иза дац… Кхин а хала ду, Иордан хинан Малхбузехьара берд а, Газан сектор а Израилан латтанаша юккъехула екъна хилар а, шайн палестинхойн вовшашца барт цахилар а. И шиъ хIинца ши эксклав ю. Иордан хинан Малхбузехьарчу бердана Iуналла деш ХАМАС (дуккха а пачхьалкхашкахь террористийн цхьаьнакхетаралла лоруш йолу) ю, ткъа Газан сектор ФАТХ-н (ПМО-н бух кхоьллинарг ю иза) Iуналлехь ю. Бакъду, 2014-чу шеран мангалан (июль) беттан 2-чу дийнахь ХАМАС-н а, ФАТХ-н а векалша къоман цхьааллин правительство вовшахтоьхна. Цуьнан декъашхошка тоьшаллин чIагIо «президента» (ПМО-н куьйгалхо) Аббас Мохьмада яйтина.
Оцу муьрехь дуьйна болх беш ю Палестинин хIинцалера правительство. Шайн махкахь кхачам боллуш йолчу пачхьалкхан кеп дIахIотторехь Дала гIо-накъосталла дойла цунна а, Палестинин халкъана а!
Дагадаийтар: 2012-чу шеран лахьанан (ноябрь) беттан 29-чу дийнахь ООН-н Генеральни Ассамблейс дIабаьхьначу хаттаман жамIашца (138 пачхьалкхо «хIаъ» а, 9-ммо «хIан-хIа» а, 41-ммо хIумма а ца олуш) нийса а догIуш, Палестинина «ООН-хь пачхьалкх-тидамча» статус елла.
2013-чу шеран кхолламан (январь) беттан 5-чу дийнахь дуьйна «Палестинин къоман администрацин» цIе «Палестинин Пачхьалкх» аьлла хийцина.
И.ХАСАХАНОВ
№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо