Абдулрахманов Саламу

Тахана вайн республикехь баккхий кхиамаш боху спортан декъехь. ХIора шарахь дуьненахь гIарабевлла спортсменаш кхуьу вайн республикехь. И дерриге а вайн республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан беркат ду.

«Ахмат» клуберчу латархоша шайн цIе вайн махкахь йовзийтина ца Iаш, дуьненна а йовзийтина. Ишттачарех цхьаъ ву Абдулрахманов Саламу. ХIора дийнахь тренировкаш еш къахьоьгуш ву иза. Саламу вина 1992-чу шеран товбецан (сентябрь) беттан 23-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIахь. Цигахь кхиъна а ву иза. Церан доьзалехь цхьа йоI, ши кIант ву, царех жиманиг Саламу ву.

«Бераллехь дуьйна ву иза спорт дукхаезаш. Юьртарчу №4 йолчу школехь доьшуш волуш, делкъана ша цIавеача, шен урокаш а йой, спортзале воьдура иза», – дуьйцура нанас.

Цу хенахь тхэквондо лата Iемаш вара иза. Пхи-ялх шарахь тхэквондо кара а ерзийна, цул тIаьхьа охьатохархлата Iама вахара. 11 класс чекхъяьккхина ваьлча, деша хIоьттира Нохчийн пачхьалкхан университетан экономикин факультете. Ша доьшуш вара аьлла, тесна ца йитира цо спорт. Дукха хан ялале, СОБР-н командира Висмурадов Абузайда, шен команде дIа а эцна, балха хIоттийра иза. Царна мел оьшург латтадо цо. Уьш кест-кеста тренировкаш а еш, садаIа Таиланде бохуьйту.

«Иштта куьйгалхо а, патриот а волуш тхуна хала дац. Оьшучохь тхан вежарий а хилла лаьтташ бу уьш, массо а вуочу хIуманах тхо лардеш. Дела реза хуьлда царна», – элира С.Абдулрахмановс.

ХIокху шеран эсаран (октябрь) беттан 4-чу дийнахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин сийнна республикехь дIаяьхьначу чемпионатехь толаман доьхка даьккхина цо. Цунна уггаре деза а, мехала а совгIат ду иза.

М.-С.ЗАБАЕВ

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: