АслахановгIеран доьзал декъалбан хьакъ бу

Ерригроссин «Шеран доьзал–2016» конкурсехь Нохчийчуьрчу доьзало хьалхара меттиг яьккхина.

2D8A235511

Ерригроссин «Шеран доьзал–2016» конкурсан «Дукха бераш долу доьзал» номинацехь хьалхара меттиг яьккхина болу Хьалха-МартантIера доьзал, Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу урхаллин чоьхьарчу службин майоран, оперативни гIазанчин Аслаханов Iалиханан бу. Иштта хаам бо оцу урхаллин сайта тIехь.

Конкурсехь дакъалоцуш Россерчу 79 субъектера 294 доьзал бара. Конкурсан жамIаш дар Мо сквахь дIадаьхьира. Иза вовшахтоьхнера Россин Федерацин къинхьегаман а, социальни гIодаран а министерствос а, Дахаран халачу хьелашкахь долчу берашна гIодаран фондо а.

Региональни конкурсехь тайп-тайпанчу номинацешкахь толам баьккхинарг масех доьзал бара. «Дашо доьзал», «Юьртара доьзал», «Доьзал – ламасташ Iалашдархо», «Къона доьзал», «Дукха бераш долу доьзал» аьллачу номинацешка екъна яра конкурс.

Ерригроссин муьрехь дакъалаца билгалбелира вай тIаьххьара хьахийначу номинацехь региональни муьрехь хьалхара меттиг яьккхина болу АслахановгIеран доьзал.

Аслаханов Адама, цуьнан хIусамнанас Жумана дерриге а шайн дахар берашна Iилма Iаморна дIаделла. Адама 48 шарахь Хьалха-МартантIерчу школехь директоран болх бина. Жумана оццу школехь хьехархочун болх бен 51 шо ду. Иза дуккха а Сийлаллин грамоташца, Баркаллин кехаташца билгалъяьккхина балха тIехь. Адаман, Жуманан боккха доьзал бу – 13 бер, 39 берийн бер. Деда а, денана а шайн берийн берашна Iилма Iаморехь къахьоьгуш ду таханлерчу дийнахь а. Иза церан дешарехь а, спортехь а болчу кхиамашка хьаьжча гуш ду.

Москвара толамца цIабирзина АслахановгIеран доьзал декъалбийраш дуккха а бара. Царна юкъахь вара Россин таIзарш кхочушдаран федеральни службин Нохчийн Республикехула йолчу Урхаллин хьаькам Ирисханов Анзор. Цо билгал ма-даккхара, муьлххачу а доьзална цу тайпанчу конкурсехь толам баккхар хьовха, дакъалацар а доккха совгIат ду.

– Иштта доьзал вайн юкъараллехь хилар а мехала ду. Со массаьрца а цхьаьна воккхавево тхайн белхахочун Аслаханов Iалиханан доьзало «Шеран доьзал–2016» конкурсехь «Дукха бераш долу доьзал» номинацехь хьалхара меттиг яьккхина хиларх. Дала тIаьхье беркате йойла церан! – элира А.Ирисхановс.

Хь.БАХТАЕВА

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: