Лахьанан (ноябрь) беттан 29–30-чуй деношкахь Соьлжа-ГIаларчу махлелоран а, самукъадаккхаран а «Грозный-Сити» туьшан 2-чу корпусехь дIабаьхьира «ПРОДИНТЕР–2016» цIе йолу кхачанан сурсатийн а, производствон а, юкъараллин кхачанан а, терзанца узуш махлелоран а хьалхара гайтам.

Цигахь дакъалецира Нохчийчуьрчу а, Дагестанерчу а, ГIалгIайчуьрчу а, ГIебартойн-Балкхаройчуьрчу а, Адыгейрчу а, Москван, Ленинградан, Ростовн областашкарчу а, Краснодаран, Ставрополан, Пензин крайшкарчу а тайп-тайпанчу компанеша а, предприятеша а.
– ХIокху гайтаме оха «Нальчикера шурин комбинат» компанин сурсаташ деана. Эльбрусана гуонахара майда индустрин а, цивилизацин а тIеIаткъамах ларъеш хиларе терра, кхузахь дежачу бежанаша цIена хи а муьйлу, тайп-тайпана бецаш а юу. Цундела церан шура чIогIа мерза хуьлу. Оцу шурах деш хиларе терра, тхан компанин сурсаташ а хуьлу чIогIа чомехь, – элира компанин векала А.Мзаевс.
Республикехь хилла ца Iаш, Къилбаседа Кавказан федеральни округехь а цхьаьна уггаре а йоккха ларалуш йолчу «Лидер-А» агрохолдинго а гайтира шен сурсаташ.
– Тхан холдинг 2009-чу шарахь бен кхоьллина яцахь а, таханлерчу дийнахь Россин Къилбехь уггаре а яккхийчех цхьаъ ю. Тхан сурсаташ цIена а, дика а, адамашна пайде хь а ду: шуьрех а, жижигех а, хасстоьмех а, стоьмех а до оха сурсаташ, – дийцира агрохолдинган куьйгалхочо I.Дошукаевс.
Амма гайтамехь бахархошна лерина сурсаташ хилла ца Iара. Шайн-шайн сурсаташ гойтуш, компанешна сурсаташ деш а, духкуш а, латтош а йолу компанеш а яра. Царна юкъахь уггаре а евзаш ерш: Ставрополан крайхь а, Нохчийчохь а болх беш йолу «Регион 95», Къилбаседа Кавказан федеральни округерчу хIора а субъектехь болх беш йолу «Упаковка Юга», Россин юьртан бахамна а, кхачанан промышленностана а лерина терзанаш деш йолу «Тензо-М», иштта кхиерш.

Гайтамехь дакъалоцуш яккхий компанеш хилла ца Iаш, меттигера предпринимательш а бара. Царна боккха кхаъ хиллера Соьлжа-ГIалахь иштта мехала гайтам дIабахьарх.
– Масех стагана белхан меттиг а латтош, сайн цхьа гIуллакх ду ас лелош. Гуттар а ас цхьаъ дIаюхкуш ца хуьлу. Наггахь бен дацахь а, ас а оьцу сайн гIуллакх дIадахийта оьшуш болу тайп-тайпана гIирсаш. ХIинццалц, оьшуш болу гIирс лаха араяьлча, кхечу субъекташкахула йолаелла лела езаш хуьлура. Ткъа хIинца хIара боккха гайтам Соьлжа-ГIалахь дIабахьар бахьана долуш, кхуззахь сайна оьшуш болу гIирс лаха а, эца а таро хили сан, – дийцира Соьлжа-ГIалахь шен гIуллакх лелош йолчу Э.Юнусовас.
Оцу гайтамах кхаъ хилларш кхин а дукха бара цигахь, шайна оьшург оьцуш а, керла зIенаш туьйсуш а.
– Тахана Нохчийн Республико юха а дIагайтина ша экономикин декъехь кхиа таро а, ницкъ а болчу субъектийн хьалхарчу могIарехь хилар. Цул сов, хIара гайтам компанешна вовшашца йолу уьйраш чIагIъян а, керла зIенаш дIатийса а пайдехь хилла. Кхунах иштта пайда меттигерчу предпринимательшна а баьлла, – элира «Актив Экспо Групп» компанин генеральни директора Л.Гитера.
Билгалдаккха догIу гайтам дIабахьарехь «Актив Экспо Групп» компанис а, республикин юьртан бахаман а, экономика а, мохк а кхиоран, махлелоран а министерствоша а, Правительствон жимачу бизнесехула а, предпринимательствехула а йолчу комитето а, Нохчийн Республикин жимачу бизнесан ассоциацис а дакъалаьцна хилар.
И.ИСЛАМОВ
№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо