Хууш ма-хиллара, республикин берийн библиотекехь кхочушъеш маьIне проекташ ю. Царах цхьаъ «Литературный портрет» цIе йолу проект ю. Цуьнан гурашкахь поэт, яздархо Талхадов Хьамзат винчу денна лерина суьйре дIаяьхьира цуьнан кегийчу доттагIаша. Суьйре дIахьош яра коьрта библиотекарь Бекаева Айзан.
Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIаларчу №7 йолчу гимназин 6–11-чуй классийн дешархоша, Курчалойн кIоштан Цоци-Эвларчу №1 йолчу школин дешархоша, иштта библиотекин жигарчу ешархоша.
Суьйре дIайолош Бекаева Айзана дийцира яздархочун дахарх лаьцна, йовзийтира цуьнан кхолларалла.
«Талхадов Хьамзат вевзаш яздархо хиллехь а, хIинца а кхоччуш мах хадоза ю цуьнан байташ а, дийцарш а. «Орга», «Вайнах», «Нана» журналашкахь зорбане юьйлура цуьнан говзарш», – элира цо.
Оцу суьйранна леррина кечам бина хиллера №7 йолчу гимназин дешархоша. Яздархочун «Детство», «Останется потомкам» цIерш йолу байташ хазийтира цара ладогIархошна. Цул тIаьхьа, дешархой шина команде а бекъна, царна юкъахь «Забаре могIанаш» мини-конкурс дIаяьхьира. ЖамIаш динчул тIаьхьа, тоьлла лерира Цоци-Эвларчу №1 йолчу школин дешархойн команда. Толам баьккхинчу командина диплом делира.
Иштта, циггахь «Лаьмнийн кIант» цIе йолу гайтам а вовшахтоьхнера. Суьйренан чаккхенехь дешархоша гайтамах бIаьрг туьйхира.
З.ХАСИЕВА
№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо