Берашна суьрташдахка Iамадо

Олуш ду-кх: «Стага дахарехь шен даго къобалбеш болу некъ лехча, оцу балхо иза цкъа а кIадвийр вац, мелхо а, цуьнан самалхадоккхур ду цо». Иштта, шен дагна хьаам бен некъ карийна Соьлжа-ГIаларчу Берийн исбаьхьаллин №1 йолчу школин хьехархочунна, Нохчийн Республикин Художникийн союзан кегийрхойн цхьаьнакхетараллин декъашхочунна Зубайраева Аминатна.

IMG_2678

БухIан-Юьртарчу №39 йолчу школехь дешна цо. ХIетахь а яра йоI шайн школерчу суртдилла Iаморан кружокан уггаре а тоьлла дешархо. Школехь кхоллараллин суьйре я конкурс вовшахтухучу хенахь, царна лерина долу плакаташ, пенангазеташ Аминатах тешадора. 2005-чу шарахь школа чекх а яьккхина, Нальчик гIаларчу Къилбаседа-Кавказан пачхьалкхан культурин а, искусствон а институте дизайнан факультете деша яхара иза (художник-дизайнер). Амината доьшуш йолу тоба йоккха цахиларна (церан тобанехь 7 студент бен ца хилла), хьехархоша дуьйцург дика схьалаца а, цаьргара боккха пайдаэца а таро хилира церан царна юкъахь. Ша цхьаъ бен нохчи яц бохург дагадеана дац йоIана ша доьшучу хенахь, хIунда аьлча, цуьнца доьшуш берш берриге а тайп-тайпанчу къаьмнийн кегийрхой бара. Ша хаьржина говзалла дукхаезарна, институтехь доьшучу хенахь шен мокъа хан гуттар а суьрташ дохкуш йоккхура цо. Кхечу кепара хуьлийла а дацара. Кехат-къолам схьаэцча сапаргIат долура цуьнан. Иштта цуьнан дуьненан самукъа а хилла дIахIоьттира суртдиллар.

Институтехь доьшуш а йолуш, яхара иза ша дешначу школе балха. Дешархой суьрташдахка Iаморан кружок елира цуьнга. Цигахь берашна суьрташ дахка Iамийна ца Iаш, пластилинах, кехатах, кIадих тайнигаш а, сувенираш а, иштта кхиерш а ян Iамадора. Цул тIаьхьа, художник-оформитель хIоттийра иза. Школехь исбаьхьаллин декъехула долу гIуллакхаш тIедехкира цунна. ЦIечу дипломаца чекхъяьккхира институт.

2011-чу шарахь Берийн исбаьхьаллин №1 йолчу школе хьехархочун балха яхара иза. Суьрташдахка хаар а, иза берашна дIахьехар а аттачех боцу кхоллараллин болх бу.

«Жимачохь дуьйна а суьрташ дохкуш бен самукъадолуш яцара со. «Цунах суртдиллархо хир ю…», олура гергарчара. Суртдиллар сайна хазахеташ хиллехь а, цуьнца цхьаьна со хьехархо хила лууш а яра. Берийн исбаьхьаллин школе балха яхча, суо чIогIа ирсе хийтира суна. Тхо вовшех дукха атта кхета, хIунда аьлча, ас лехнарг а, цара лоьхург а цхьа некъ бу. 12 шарера 17 шаре кхаччалц хенаш йолу бераш ду ас Iамош. Шайна керла цхьа хIума довзийтича, церан бIаьргаш серладовлар хаало. Цо кхин а чIогIа, дика царна хьеха догдоуьйту», – бохура А.Зубайраевас.

З.ЛОРСАНОВА

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: