Нохчийн Республикин Правительствос дIадаханчу шарахь тIеэцначу сацамца нийса а догIуш, вовшахтоьхна Нохчийн Республикин Куьйгалхочун, Россин Турпалхочун Кадыров Рамзанан цIарах йолу «Соьлжа-ГIалин дендрологически бешан дирекци» аьлла йолу пачхьалкхан учреждени. Оццу документаца билгалдоккху иза регионан Iаламан таронийн а, гуонахара хьал лардаран а министерствон куьйгаллина кIел хилар.
Тайп-тайпанчу культурашца хьал долуш ю дендрологин беш. Цигахь кхуьуш ду вайн меттигера а, Европин мехкашкара деана а 256 тайпана дитташ а, кондарш а. БIаьсте тIееъчхьана дуьйна дIахьош бу бешахь иза битаме ялорна тIехьовжийна беш болу белхаш.
Ткъа «Хьуьнан кхоллам вайн карахь бу» аьлла, ерригроссин белхи дIакхайкхийча, Iаламан оцу объектехь долу хьал ма-дарра теллинчул тIаьхьа ведомствон куьйгалло билгалдира белхин дозанашкахь 15-чу июнера 30-гIа июнь кхаччалц йолчу юкъана «ЦIена хьун» аьлла акци дIаяхьа. ДоггIучуьра билгалдаккха деза, иза вовшахтохарехь дендрологин бешан куьйгалхочо Пертаев Вахас шегара йоккха жигаралла гайтина а, оьшуш болчу гIирсашца акцин дакъалацархошна буьззинчу барамехь кхачойина а хилар.
Экологин коьртачу кхерчахь билгалдаьккхина ма-хиллара. акцин коьрта Iалашо яра хьуьнца тIаламе юкъаметтиг хила езаш хиларна юкъараллин тидам тIебахийтар. Иза вовшахтухуш иштта Iалашо хIоттийнера гуонахара хьал Iаламан объекташкахь санна, хьаннашкахь а къепе дало лууш долу адамаш цхьаьнатохар, Нохчийчоьнан Iаламан коьртачу хазница муха юкъаметтиг ю гайтар. Цигахь цIена хилийтар, къепе яр, Iаламе санна, хьаннаш кхиош, ларъеш цигахь гIуллакх деш долчу адамашца йолу юкъаметтиг вайх хIораннах, вайн культурех, хьежамех йоьзна хилар дагахь а латтош.
Цундела ларамаза дацара министерствон белхахошца цхьаьна цуьнан структурни дерриге а дакъойн говзанчаша а оцу балха тIехь жигара дакъалаьцна хилар. Итт дийнахь 38 гектар чулоцуш йолу Iаламан объект юьззина дIацIанйира нехех а, дакъаделлачу гаьннех а. Цул совнаха экологаша ондда бух биллира гуьйранна куц деш долу синтарш догIарна а. Вовшахъехира ширъелла гIишлош, гIамарца эбина жагIа боьхкира гIашлойн некъашка. 14 гектар майда Iаьржа латта духкуш кеч а еш, бешан дозанера арадехира дакъаделла дитташ а, гаьннаш а. Нехех дIацIанйира Гойтинка хин бердайистош. Оцу муьрехь 37 КАМАЗа тIехь дIаяхьийтира акцин дакъалацархоша бешахь гулйина хилла нехаш.
– Iаламан хIолламаш вайн дерриге а халкъан йоккха хазна ю, цундела иза кхин а хазйина дIахIоттор, цIена латтор вайн юкъара декхар ду, – дийцира республикин коьртачу Iаламлардархочо Магомадов Лоьмас, билгалбаьккхинчу муьрехь динчу гIуллакхийн цхьадолу жамIаш деш. – Иза деборан, кхиоран, ларъяран гIуллакхна юкъа мах хадийна ца валлал доккха дакъа дуьллу вайн регионан Куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Тхуна цхьана а денна ца дицдолуьйту цо экологин кхерамзаллица кхачоян езаш, шех тешийначу гIуллакх долу жоьпалла лакхадаккхар тхан хIора белхахочун коьртачу декхарех цхьаъ хилар. И тIедахкарш дIаса ца таьIIаш кхочушдарна тIехьовсабо оха тхешан ницкъаш.
Цо иштта билгалдаьккхира Iаламах дог лозуш болчеран барам хаддаза алсамболуш хиларна, вайн исбаьхьачу мехкан Iалам а, цуьнан хIолламаш а тобарна юкъа шайн хазна йилла кийча болчеран могIарш стамлуш хиларна. Цунна кхин цхьа къеггина тоьшалла хилла дIахIоьттира дендрологин бешахь белхаш дIахьочу берриге а муьрехь шайн лаамехь гIуллакх деш юххерчу БухIан-Юьртара вуьрхIитта стаг хилла хилар. Ткъа дийнна схьаэцча, итт дийнахь бешахь гIуллакх деш вара 324 эколог.
Ведомствон пресс-службо бечу хаамца иштта ду Iаламан хIолламан объектехь бинчу белхан жамIаш. Бешахь Iаламан таронаш алсамъяхаран некъаш лахарна тIе болу шайн болх дIаболийна говзанчаша.
ХIинца хьалха лаьтта Соьлжа-ГIалин дозанашкахь йолчу баьццарчу зонера федеральни некъ битаме балор. Хьалхарчу июлехь дуьйна дIаболош бу «ЦIена хьун» аьлла йолчу акцин шолгIачу муьрана юкъабогIуш болу и белхаш. Ерриге а структурийн дакъойн куьйгалхошна тIедиллина некъан йистош хьуьнан 50 метр кIоргене кхаччалц нехех а, кхечу хIуманех а цIанъяр, къух дIадаккхар. Республикин коьрта эколог тешна ву шайн белхахоша, юкъаралло некъ йоццачу хенахь и гIуллакх цара сийлаллица кхочушдина хирг хиларх.
Л.ГАМОВ.