ХIокху деношкахь Красноярск гIалахь дIаяьхьира паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Дуьненаюкъара XII-гIа турнир.
Цигахь дакъалоцуш бара тайп-тайпанчу пачхьалкхашкара спортсменаш. Вайн республикера оцу турнирехь дакъалоцуш 1 спортсмен вара.
Къийсадаларш шина дийнахь дIадаьхьира. Шен йозаллин категорехь вайн спортсмена хьалхара меттиг яьккхира. Иза ву Ахмадов Шемал (85 кг.). Цуьнан тренер Гусигов Апти ву.
Ала деза, дуьненаюкъарчу оцу къийсадаларшкахь хьалхара меттиг яккхар вайн спортсменан боккха кхиам хилар. Тахана Ахмадов Шемала баркалла боху шен тренерна.
Вайн спортсменна дашон мидал а, кубок а, Сийлаллин грамота а елира.
З.ШИШХАНОВА
№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо