Дегайовхо адамашца йоькъуш

ЙоI дуьнен чу йолуш, Дала цунна совгIатна ненан а, йишин а къинхетам луш хиларан шеко ца хуьлу цхьацца зударий бевзича. Шен доьзалийн марзо-йовхо ца евзинехь а, шайн деган йовхо гIо оьшучуьнца екъа охIла болчу зударех ю Эвтарара Махмерзаева ШапаIат.

Цуьнан бераллин дагалецамаш боьзна бу Эвтарарчу Iовдин зератца. ШапаIатан денана а, Iовда а (Дала даржехь соввоккхийла и) йишин-вешин ши шича хилла. Цундела а хилла хир ду кхеран доьзалехь ламаз-марха лелор, Къуръан дешар коьрта гIуллакх.

Ш.Махмерзаева

– Iовдин зератах тхан беш къастош охьадогIу жима хи. Цуьнан гечо хедош, хийла зератан кертара бIараш гулдина оха, бераша, – дагалоьцу цо. – Тхан ден-ненан воккхачу эвлаяэ а, цуьнан кIанте Iелига а болу лерам гина, бевзина, цу тIехь кхиъна ду тхо. Къен а, меттахIоттаран хала а зама яра тхо кхиънарг, амма тахана сайн бераллин хан дагаеача, хица хьовзочу хьерахь дас доккхуш хиллачу цун-ахьаран башха хьожа кхета суна. Токхе хуьлура нанас кечйо юург а. Мохь тоьхначу гарзанашна тIе кертахь кхиъна помидораш тухий, бовха яй боккхура цо. Ишттачу кхачане кхочуш чомехь даар ца гина суна нана дIа яьлчахьана.

Тахана болх-некъ боцуш, мокъа елахь а, хIора де а дикачунна дIаделла ду ШапаIатан. Ишттачух ду цо шен чохь Кадыров Ахьмад-Хьаьжина лерина Къуръан дешна чекхдаккхийтар а, шен чохь хьуьжар схьайиллина, бераш Iамор а, ши бутт хьалха хьафизийн школашка дешархой тIеоьцуш, шена евзачу зудчун ши кIант цига деша вахийта Iалашо йолуш къахьегар а.

– Ши шо хьалха да кхелхина байлахь бисина доьзал бу иза, – дуьйцу ШапаIата, – ледарчу хьолехь, мах луш, нехан чохь Iаш бу нана, ши кIант, йоI. Цхьа йоккха миска, шен бераш дукхадезар бен цхьа а доьналла доцуш ю нана. Вай чохь Iамийначу Къуръанан йоза-дешарх мелла а кхеташ волу воккхахволу кIант арахь, урамехь висича вовр вара. Иза хьафизийн школе деша дIаэцийта Кадыров Хьасайне дехар дина, Дела реза хуьлда цунна, иза орцахваларна, деша вахийта аьтто баьлла. Шина кIантана тIе-кога юхучуьнца гIо дира исламан туька йолчу Хьамзата, Дела реза хуьлда цунна а. Делан къинхетамца, дика адамаш дукха ду вайн. Цара дечу гIуллакхашка ладоьгIча, ас лелориг кIезиг хIума ду, амма лаам-м лаьа суна, Делан дуьхьа диканиг дан. ЦIеначу даггара диканиг дан нийят долчунна Дала и дан аьтто боккхург хиларх тешаво ШапаIате ладоьгIча. Цхьана а даржехь а, я балхахь-некъахь а йоцучу цуьнан хIора а дийнахь кадолу, муьлхха а дина, диканиг дан. Ткъа иза зIене ца яьлча хаа ду, шен дена-нанна, йиш-вешина, вевза-везачунна тIера Къуръан доьшуш юйла. Иза цо масех дийнахь чекхдоккху.

ШапаIат санначу беркатечу зударийн гIиллакх-оьздангалла, церан бусалбалла, нохчалла, комаьршалла, яхь, доьналла бахьана долуш, дуьненахь а девзаш къам ду вайниг. Дала Шена дезначарах дойла вай!

Шен доьзал ца кхиънехь а, ша евзачаьрца шен деган йовхо йоькъуш, дика нана санна еха ШапаIат, Дала декъал йойла иза сийлахьчу Ненан денца.

Т.САРАЛИЕВА

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: