Хьехархо – маьIне дош

Маккина бераллехь дуьйна безабеллера хьехархочун болх. Цуьнан нана Абдулкадырова Залпаъ а яра хьехархо. Дийнахь школехь къахьегарх чекхдовлуш дацара цуьнан белхан хьашташ. Балхара цIайирзича, катоьхнна, ков-кертахь дан деза гIуллакхаш юьстахдохий, кхачанца доьзал бузабой, пхьегIаш дIаяхар а, кхидолу кега-мерса дезарш мехкаршна тIедохкий, шен дешархойн тетрадаш листа, царна тIехь нисъелла ледарлонаш билгалъяха хьакъболлу мах хадо охьахуура Залпаъ. Иза уггаре а ирсе мIаьрго хетара Маккина. Цуьнан нанас-м, цул тIаьхьа берийн бешахь а, Госснабехь а белхаш бира. Делахь а, йоьIан даг чохь бераллехь кхоллаелла ойла дIа-м ца елира заманан йохалла. 1949-чу шарахь Къилба-Казахстанан областан Ленгер юьртахь дуьнен чу яьлла Дигаева Макка. Школе деша яхале, Нохчийчу цIавирзира цуьнан да Дигаев Эльти. Шайн ворхIе да ваьхначу Лаха-Неврехь дIатарбира цо шен доьзал. 1966-чу шарахь цигахь кхиамца чекхъяьккхира Маккас юккъера школа. Юьхьанцарчу классашкахь дуьйна дика доьшуш хилла йоI школехь балхахь йитира. Оцу муьрехь берашна юкъахь кхетош-кхиоран болх дIабахьарехь Iаламат мехала хилла пионервожатин дарж дара кхуьнга кховдийнарг. Дика ларайора иза шена тIедехкинчу декхаршца. Амма цуьнан ойланаш карзахйохура кхидIа а деша болчу лаамо. Маккина хьехархо хила лаьара. Оцу Iалашоно ялайо йоI 1967-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институте. Цхьаьнггара гIо-накъосталла доцуш, шен хьуьнарца тIеэцаран зерех чекхйолий, филологин факультетан студентка хуьлу иза. «Оьрсийн мотт а, литература; нохчийн мотт а, литература а» яра цо караерзо дагахь къастийна говзалла. Дерриге а дахар нохчийн берашна Iилманан баххаш довзийтарна дIадала дагахь яра йоI. Цхьа а лекци юкъах ца юьтуш, дика дийшира цо, студентийн зевнечу дахарехь ойла карчо мерза бахьанаш алсам хиллехь а. Институтехь доьшучу муьрехь тоьллачу студентех цхьаъ ларалуш яра иза. Дигаева Макка дешна ялале Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн институтах Нохч-ГIалгIайн пачхьалкхан университет хилира, оьрсийн сийлахьчу яздархочун Л.Толстойн цIе а туьллуш. И сийлахь цIе университетана тиллинчу 1972-чу шарахь Дигаева Макка дешна яьлла, шен хьомечу юьрта, Лаха-Невре, юхайирзира.

IMG_6923

Нийса хир дацара цуьнан хьаналчу къинхьегаман юьхь атта а, шера а яра аьлча. Ша дешначу школе юхаеанера Дигаева Макка. Масех шо хьалха кхуьнан хилла хьехархой хIинца кхуьнан белхан накъостий бара. Массарна хала ду белхан хьалхара гIулчаш яха. Ткъа хьуна уллохь берш хьан хилла хьехархой хилча къаьсттина язло и юьхь. Макка ийзалора шегара цхьа ледарло яларна кхоьруш. Амма къона хьехархо хьуьнаре хиларо а, цунна болх безаш хиларо а дIаехира юьхьанца хилла шогаллаш. Масех шо даьлча лаккхарчу тIегIанехь говзалла йолуш, Теркайистан кIоштахь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхучу хьехархошна юкъахь тоьллачарах цхьаъ ларалуш яра иза. Амма къоналла иза даима къоналла ю-кха, Теркайистехь елахь а, Органан йистошца елахь а. Къоначеран дахарехь хийцамаш хуьлуш меттигаш кест-кеста нисло. Iер-яхаран меттиг хийцар тIекхечира Маккина. 1975-чу шарахь Олхазар-КIотарахь вехачу Муртазов Ширваница кхоьллира цо бертахь, керла доьзал. Iер-яхар хIинца Олхазар-КIотарахь делахь а, белхан меттиг Хьалха- МартантIерчу №1 йолчу школехь нисъелира цунна. Ткъех шарахь сов, болх бира Дигаева Маккас оцу школехь оьрсийн мотт а, литература а хьоьхуш. Уггаре а хьалха цуьнан белхан накъосташа шайн къамелехь билгалдоккхура иза оьзда, гIиллакхе, дайх дисина Iадаташ лардеш, бакъйолу нохчийн зуда хилар. Иза балхана тIера елахь а, гергарчаьрца йолу уьйр-марзо а латто ларийна. Белхан накъосташца тарлуш чекхъяьлла. Цкъа а, цхьанна а ца тосаелла цуьнан дош шалха даьлла, я цуьнан багара вуон дош даьлла меттиг. Иштта, собарца ларйина Дигаева Маккас шен марзхошца йолу юкъаметтиг а. Цо даима дагахь латтийна, уггаре а хьалха, ша нохчийн зуда хилар. Ткъа нохчийн зудчун амалехь уггаре а хьалха собар хила деза, багара йолу Iаь даима кIеда-мерза хила еза. Кхечу юьтара тIееанчу несан къаьсттина алсамдовлу декхарш. Маккас хIайкал санна лардина и мехала ламасташ. Юьртарчу школехь болх беш йолу иза дика кхетара ша дIа мел боккху ког, куьзганахь санна, дешархошна гуш хиларх. Цундела даима, духарца, боларца, дечу къамелаца масал хилла лаьттина шен дешархошна. Цундела царна шаьш озалахь а, дукхаезара шайн хьехархо. Хьалха-МартантIера №1 йолу школа чекхъяьккхинчу мехкарша, дукха хьолахь, хьехархочун говзалла шаьш караерзоран бахьана цуьнан хьаналчу къинхьегаман дакъа ду аьлла хета.

1995-чу шарахь Соьлжа-ГIаларчу хьехархойн колледжо Хьалха-МартантIехь схьайиллира шен филиал. Оцу буьрсачу хене ладоьгIча, мехала гIулч яра иза. Хан луьра яра. Мехкаршна чу-ара бовла маршо йоцуш. Эхь-бехк дайна зуламхой бара карадеанчу герзах Iехабелла эвхьаза лелаш. Царах ларбеш, дукхах болчу дайшна-наношна мехкарий Соьлжа-ГIала охьабахкийта ца лаьара. Цундела цхьацца йолчу кIошташкахь схьайиллинера хьехархойн колледжан филиалаш. Оцу беркатечу гIуллакхан декъахь яра Хьалха-Марта а. Юьхьанца студенташна оьрсийн мотт а, литература а хьеха, дехарш дина, дIайигира М.Дигаева. ТIаьхьуо цо куьйгалла а деш болх бира филиало. Куьйгалле кхачарх цкъа а ойла хийцаелла, карадеанчу даржах Iехаелла яц иза. Цо даима а лерина дIакхехьна кегийрхошца беш болу кхетош-кхиоран болх дIабахьар. Филиало кечбеш берш хьехархой а хилча, кхана уьш берашна хьалха хIитта безаш а хилча, цара тIелоцург Iаламат доккха, деза, мехала дукъ дуй хууш, уггаре а хьалха шен студентех халкъана, махкана пайдехь адамаш дан гIиртина Макка. Цу тIехь цуьнан дика аьтто хилла аьлла хета Маккин белхан накъосташна. Нохчийчоь бохамаша сийсочу, уггаре а халачу хенахь бина Дигаева Маккас Нохчийн Республикин хьехархойн колледжан Хаьлха-МартантIехь йолчу филиалан куьйгаллехь болх. 2000–2007-гIа шераш дара уьш. Мел гIелъяларх, кIадъяларх цкъа а цхьана а стагана шен дагара ца хоуьйтуш, хьанал къахьегначарах ю иза, къоман сирлачу кханенах дог ца дуьллуш. Вайна ма хаъара, беккъа цхьа болх бича цкъа а йолуш ца хилла нохчийн зуда. Дигаева Маккин а бара, нехан санна буьрсачу тIамо хIаллакбина, цIинбан безаш бен, чохь юург-мерг латто езаш хIусамда, виъ кIант. Кертахь дан деза кега-мерса дезарш кханенга ца титтина хьуьнаречу зудчо. Делахь а, дукхабезаш хаьржина болх даима хьалхарчу меттехь хилла. Цунна къеггина тоьшалла ду мехкан куьйгалло хьехархочунна дина мехала совгIаташ а, елла сийлахь цIерш а. 2001-чу шарахь дуьйна «Къинхьегаман ветеран» ю Дигаева. 2006-чу шарахь «Россин Федерацин корматаллин дешаран сийлахь белхахо» цIе елира цунна. 2011-чу шарахь «Нохчийн Республикин хьакъйолу хьехархо» хилира цунах. Вайн махкара хьал мелла а меттадан доьлча, Нохчийн Республикин хьехархойн колледжо, кIошташкара филиалаш дIайохуш, шен коьртачу кхерчан пенашка берзийра болх. Ткъа хьехархойн белхан алссам зеделларг долуш йолу Макка Соьлжа-ГIала балха охьаялийра. 2007-чу шарахь дуьйна Нохчийн Республикин коьртачу шахьарерчу хьехархойн колледжехь болх беш ю вайн турпалхо. Кхетош-кхиоран болх кхунах тешийра колледжан директора, хIара шен заместителан дарже балха хIоттош. И болх лаккхарчу тIегIанехь дIахьош хиларна билгало ю хIокху тIаьхьарчу иттех шарахь хьехархойн колледжехь доьшуш болчу студенташкара ледарло яьлла олуш цахазар. Цара жигара дакъалоцу вайн мехкан юкъараллин дахарехь. Уьш кест-кеста го кегийрхойн фестивалашкахь, конкурсашкахь, форумашкахь. Кегийрхоша хьуьнарш къовсучохь цкъа а тIаьхьа ца бисина Дигаева Маккас Iамийна студенташ. Иза цунна цхьанна юьхькIам хилла Iаш бац. Колледжана, махкана, вайна массарна а юьхькIам бу. ХIора шарахь Россехь дIахьочу «Тоьлла шеран хьехархо» («Лучший учитель года») цIе йолчу конкурсан 2013-чу шеран толамхо ю иза.

Дигаева Маккин балхана вай алссам тидам тIебахийтар, данне а дац цуьнан доьзал кхиорехь иштта ирхенаш яха аьтто ца хилла бохург. Маккин веа кIанта лаккхарчу дешаран кхерчаш чекхбаьхна, уьш белхаш беш бу. Воккхах волу кIант Муслим Нохчийн Республикин Пачхьалкхан университет чекхъяьккхина, школехь берашна ингалсан мотт хьоьхуш ву. ХIинца Муслиман шен а ду ши бер. ШолгIачу кIанта Мусас Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт чекхъяьккхина. Иза программистан болх беш ву. КхоалгIачу кIанта Мурада ГIебартойн-Балкхаройн Республикехь университет яьккхира чекх. Иза а хIинца йоккхачу сервисни туьшахь бухгалтеран болх беш ву. Маккин жимахволчу кIанта Мансура Соьлжа-ГIалара мехкадаьттан институт яьккхина чекх. Иза а Россин Федерацин Нохчийчохь долчу миграционни декъехь хьанал къахьоьгуш, программистан болх беш ву. Иштт-м Маккин хIусамда Ширвани а ву хIинца а хьехархочун болх беш. Цкъа мацах, сил дукха безаш юьхьаралаьцна хьехархочун болх дIа ца тасало цаьрга. Цара доккха маьIна дуьллу хьехархо бохучу дашна юкъа. Алапин дуьхьа беш болх бац иза. Иза церан синхьаам бу. Къоман хиндолчунна сагатдар а, къоман сирлачу кханенах дегайовхо кхабар а ду. Iаламат маьIне хета Дигаева Маккина йоза-дешарца уьйр-марзо йолуш, къоман кхане хилар, Iилманан кIоргенашка кхийдар кегийрхошна марздар а. Дешаро бен ца ло хаарш. Ткъа хаарш доцу стаг бIаьрзе ву. Цунах шен студенташ кхето лууш, тахана а къахьоьгуш ю хьехархо. ХIора Iуьйранна, йиллинчу хенахь аудитори чохь шен болх дIаболабо цо. 50 шо гергга хан ю цуьнан массо а Iуьйре иштта дIайолало. Хьехархо боху дош маьIне хетаро хьуьнар а, ницкъ а ло цунна и беркате Iуьйренаш серлаяха. Ма дика ду иштта хьуьнаре, дог цIена адамаш вайн махкахь долуш.

А.ДАЧАЕВА

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: