«Къонахаллин седа»

Нохчийчуьра дешархо «Къонахаллин седа» («Созвездие мужества») фестивалан регионашна юкъарчу муьран лауреат хилла.

Грозненски кIоштарчу Чурт-ТогIера 16 шо долу Дулаев Халид Россин МЧС-н Къилбаседа Кавказан регионан туьшо билгалваккха лерина ву. «Къонахаллин седа» фестивалан ерригроссин муьрехь «Бераш-турпалхой» аьллачу номинацехь Къилбаседа Кавказан векал хир ву Халид.

SagBtjJ7TG-big-reduce350

2016-чу шеран асаран (июнь) баттахь, 1 шо кхачаза долу бер кIелхьардаьккхина Халида. Оцу дийнахь кIант шайн юьртарчу Iома уллохула тIехволуш, цунна гина жима ши кIант берийн гIудалкх Iома йисте а хIоттийна, ловзуш лелаш, оцу хенахь цара тидамза дитина бер чохь долу гIудалкх Iома чу хьаьдда. Халид и сурт шена гича, воха ца вухуш, и гIудалкх Iома чохь къайлаялале, тIеведда, нийсса бертал Iома чу кхетта, гIудалкха чуьра бер схьа а лехна, хичуьра хьаладаьккхина. Цул сов, цуьнан пехаш чуьра хи дIа а даькххина цо. Халид иштта тIахъаьлла хьовзарна, бохам ца хуьлуш дIадирзина иза. Ван а ву Халид жима турпалхо.

Фестивалан регионашна юкъарчу муьрехь тоьлларш билгалбахар хIара шо чекхдолуш дIадахьа лерина ду.

Хь.ДАУДОВА

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: