Некъийн бохамаш ца хилийтархьама…

Некъийн бохамашкахь бахархойн кхалхарна а, лазорна а лерина кхеташо дIаяьхьира хIокху деношкахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана.

15JJr0KWnRs

Цигахь дакъалецира Парламентан председатела, некъийн бохамашна профилактика яран штабан куьйгалхочо Даудов Мохьмада, республикин прокурора Абдул-Кадыров Шарпуддис, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхочо Тагаев Султана, вице-премьера Кадыров Ислама, чоьхьарчу гIуллакхийн министра Алханов Руслана, чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон УГИБДД-н хьаькама Денилханов Шамхана, республикин бусалбанийн урхаллин куьйгалхочо Межиев Салахьа.

Республикин Куьйгалхочо дийцарехь, Iедало оцу гIуллакхна тIехь мел чIогIа терго латторах а, бахархой денна а некъийн бохамашкахь кхелхаш а, лазош а бу. Иштта цо билгалдаьккхира малар мелла я наркотик оьзна волу водитель шена а, гуонахарчарна а къаьсттина кхераме хилар.

– Ас даима а билгалдоккхуш ду террористана а, вехна волчу водительна а юкъахь цхьа а башхалла цахилар, хIунда аьлча цушимма бехк-гуьнахь боцучу доьзалшка бохамаш бохьу. Амма цхьаболу нах, ас иза олу бохуш, аьлларг аьшнаш деш хаало. Делахь а, суна а, шуна а иза мел халахетарх а, тIеэца мел хала делахь а, некъашкахь долу хьал вай теллича гучудолу, вехна волчу водитела террориста дечул а кIезиг зулам деш цахилар. Цунна бIаьрла масал ду масех де хьалха Соьлжа-ГIала чукхоччучохь хилла болу бохам а. Къаьркъано вахийначу Ходжаев Iаламан бехк болуш, ворхI стаг кхелхина, – бохура Кадыров Рамзана.

tim-dtp-3

Иштта цо билгалдаьккхира вехна а волуш, машен хохкуш гучуваьллачу стагана законаца догIуш долу уггаре а луьра таIзар дан дезаш а, юкъаралло цуьнгара бехк баккха безаш а хилар.

– Маларо я наркотикаша корта бахийна хаабелла водительш жоьпе озо беза. Оцу нахаца вай цхьа а барт бан безаш бац, хIунда аьлча цара вайн бахархошна кхерам латтабо. Ша мелла вуй хуъушехь машенна хьалха хиъна волчу стагана законаца догIуш долу таIзар дина ца Iаш, юкъараллин гIоьнца бехк баккха а беза. Зулам ду вайн махкахь даьржинарг. Иза кхана вайх я вайн доьзалех хьакхалур дац олийла дац вайн. Цундела ас дIахьедо, оцу зуламна дуьхьало ярехь вайх цхьа а юьстахлатта йиш йолуш вац, – элира республикин Куьйгалхочо.

Цул тIаьхьа вистхилира Даудов Мохьмад. Цо дийцира некъийн бакъенаш талхош болчарна дуьхьал къийсам дIабахьарехь, ша куьйгалла дечу штабо бечу балхах лаьцна. Цо дийцира масех де хьалха некъан боккха бохам хиллачул тIаьхьа, республикехь маларш духкуш болчу предпринимательша шайн лаамца и гIуллакх сацийна хилар.

– Спиртан маларш духкуш 20 туька яра республикехь. Масех де хьалха хилла болу бохам бахьана долуш, оцу туьканийн дайша шайн лаамца сацам бина уьш кхин ца дохка. Цара дийцарехь, царна ца лаьа бехначу водительша дечу зуламийн декъахь хила. Цуьнца нийса а догIуш, таханлерчу дийнахь спиртан маларш духкуш цхьа а туька ца йисна республикехь, – билгалдаьккхира цо.

Кхеташонан чаккхенехь республикин Куьйгалхочо юха а тидам тIебахийтира, некъийн бохамаш цахилийтаран декъехь къахьоьгуш бакъонаш ларъяран органаш а, Iедал а хилла ца Iаш, Iеламнах а, юкъаралла а хила езаш хилар.

И.ХАСАХАНОВ

№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: