Бусалбанийн рузманехь шеран кхоалгIа бутт бу РаббиIул-Аввал. Оцу беттан 12-чу (оршотан) буьйсанна дуьнен чу ваьлла АллахIан Сийлахь Элча – Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна). Бусалбанаша мовладан бутт а олу цунах. ХIокху шарахь и бутт карабогIу гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь.
Оцу беттан 12-гIа буьйса чIогIа еза а, сийлахь а ю бусалбанашна. Мухьаммад Пайхамар (Делера-салам маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу вар даздеш, оцу буьйсанна салаваташ дахкар, мовлад дешар, кхидолу Iамал-Iибадат дар деза ду. Цундела оцу буьйсанна Iамалъярехь сов довла деза вай а.
Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу валале хьалха дерриге а халкъаш Iеса хилла, Делан цIеначу, нийсачу некъа тIера дIахьаьвзина хилла. Уьш жехIила хилла. Къизалла яьржина, къинхетам юккъера дIабаьлла хилла. ХIетахь зударий, даьхний санна, бухкуш-оьцуш хилла, къаьсттина Iаьрбийн мехкашкахь. Доьзалехь зудабер дуьнен чу далар а эхье лоруш хилла.
Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлча ворхIе а стигало, ворхIе а латтано АллахIана хастам бина: «Мархьаба, маршава, ва Делан Элча!» – аьлла, Мухьаммаде (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) маршалла хаьттина. Иза дуьнен чу ваьлча дуьненахь дуккха а Iаламаташ хIиттина.
Къурайшийн тайпанах Хьашимин цIийнах уггаре а сий-лараме волчу цуьнан дедас Iабдул-МутIалиба дийцина: «Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьлча КаIбатна тIаваф (гуонаш дехира) ас. Буьйса юкъал тIехъяьлча КаIбат, ИбрахIим Пайхамар (Делера салам хуьлда цунна) лаьттинчу агIор дирзина, тасбихь деш хезира суна. «АллахIу Акбар! АллахIу Акбар! АллахIу Акбар!» – аьзнаш дара хезаш. Тхан наха корта бетташ (сужуд деш) хилла дерриге а цIуйш, охьадетталуш, атаделира. Уггаре а доккха цIуй, шен цIе Хьубал йолуш долу, лаьттах кхетта, даьржина дIадахара. «Амината Мухьаммад вина» боху аз а хезира суна.
Сафа лома тIе хьалавелира со. Йоккха гIовгIа яьккхинера цигахь олхазарша а, акхароша а. Уьш дерриге а Макки чу схьагулделча санна хетара. Цул тIаьхьа Аминатан цIийнан неIаре вахара со. НеI къевлина яра, зайл а боьллина. Ас элира: «НеI схьаеллахьа». Аминат дуьхьал йистхилира: «Мухьаммад веана вайга», – аьлла. Ас цуьнга дийхира: «Схьавахьа со хьажийтахьа цуьнга». Цо соьга элира: «Пурба ца ло суна. Цхьа воккха стаг веанера, цо элира кхо де-буьйса даллалц кIант цхьанна а ма гайта», – аьлла.
Ас шаьлта хьалаэккхийтира, неI а кагъеш цIа чу эккха дагахь. Карахь тур а долуш, юьхь дIахьулйина а йолуш, цхьа къонаха хIоьттира, некъ боьхкуш, суна дуьхьал. «ХIай, Iабдул-МутIалиб, собаре хилахьа, Маликаш ду хьан кIентан кIант волчу даьхкина», – элира цо. Со эгийра. Кхаа дийнахь мотт сецна, цхьаьнгга а хIумма а ца алалуш висира со», – бохуш.
Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу буьйсанна хаьрцира Кисран гIала. Масех эзар шарахь ца йовш лаьттина йолу цIарна корта тухучеран цIе дIаяйра. Сават хIорд бакъабелира. Дуьнен чу малх кхетале хьалха дуьне серладаьккхинера тамашийначу нуьро. Иштта, кхин а даккхий Iаламаташ хIиттира Мухьаммад (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу ваьллачу буьйсанна.
ХIокху сийлахьчу РаббиIул-Аввал беттан дан ма деззара хьурмат дан, Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) сий-ларам бан, цуьнан суннаташ кхочушдан, шен фарзаш лардан Везачу АллахIа пурба лойла-кх вайна хIокху баттахь а, цул тIаьхьа тIейогIу йолчу хенашкахь а. Амин!
(Пайдаэцна «Элча хьехор» жайнах) Зорбане кечйинарг – С.ХАСАНОВ
№128, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 2-гIа де, 2016 шо