Цхьа доьзал санна бертахь деха

Невран районехь йолчу яккхийчу яртех цхьаъ ю Мекенски станица, нохчашна   Макан-ГIала а олу цунах. Кху юьртарчу хьолах а, нехан дахарх а, шаьш бечу балхах а лаций дийцахьа  аьлла, меттигерчу администрацин куьйгалхочунна Лабазанов Гиланина тIевахара со. Цо дийцира:

– Тхан юрт Х1Х-чу бIешарахь йиллина ю, хьалха беккъа гIалагIазкхий  Iийна кхузахь. Уьш, хууш ма-хиллара, Россин империн дозанашкахь шайн ярташ а йохкий, тIемалой а, ахархой а санна бехаш хилла. Луларчу къаьмнашца бертахь хила гIиртина уьш, церан цхьадолу гIиллакхаш, Iеран-дахаран кеп  схьа а оьцуш.

Тахана тхан юьртахь бехаш дукхахберш нохчий бу, амма кхечу къаьмнех болу нах а бу, оьрсел сов,  азербайджанцаш, гуьржий, туркой-месхетинцаш, казахаш а тIехь.

Гилани ша кху юьртахь  вина а, кхиъна а,  дешна а ву, кхузара нах а, церан Iер-дахар а дика  девза цунна. Цундела цара 2012-чу шарахь юьртден дарж тешийна цунах. Маканехь 4227 вахархо ву, кху юьртан администрацина  чуйогIуш 3 кIотар а,   жаIуйн 34 бахам а бу.

Шаьш дехачохь яккхий предприятеш, заводаш, фабрикаш яц, боху Гиланис, кхузахь Iен а, ваха а хала ду. Коьрта долчу декъана  латта а, даьхни а лелорца  хене бовлу Маканера бахархой.

Амма кхечу районашкахь а, Соьлжа-ГIалахь а тIелаьцна белхаш беш кхузара дIасалелаш   бу кхузара нах,  къаьсттина  кегийрхой.

Даьхни лелочара жижигца кхачо йо бахархошна, дуьйцу юьртдас. Бакъду, жижиг а, уьстагIийн тIаргIа а дIабохка меттиг яц  царна  юьртахь а, районехь а. Хьалха санна, жижиг, тІаргІа, кхекхий  Iедалан предприятеш дIаоьцуш делахьара, нахана дика гIуллакх хир дара, тIетуху цо.

Цхьаболу юьртахой луларчу «Нива» госхозехь а бу балхахь. Дика гIуллакх деш бу госхозера латталелорхой: дохнна  докъар а кечдина, буьртиган ялта чудерзо а буьйлабелла.

Латта дика лелорехь  къаьсттина  билгалбевлла туркой-месхетинцаш бу.

Лело дуккха а латта схьа а оьций, цу тIехь хасстоьмаш кхиабо цара.

Доьзалера жима а, воккха а ара а волий, бертахь къахьоьгу.

Хьалхе кхуьуш болу хасстоьмаш лелабо, шен хеннахь асар деш, латта тодеш, цундела церан шортта   хасстоьмаш хуьлу.

Соьлжа-ГIалахь а, Аргунехь а, Гуьмсехь а, кхечанхьа а дIабухку цара  уьш.

Иштта, хьанал къахьегарца  массарна а  масал гойтуш бу туркой-месхетинцаш.

Кху шарахь цхьаболу бахархой, ахархойн-фермерийн бахамаш схьа а биллина, къахьоьгуш бу.

Кхузара  ишттачу 37 бахамехь латта дIа а дийна, болх беш  бу уьш.

Юьртдас дийцарехь, ахархойн-фермерийн бахамаш лелочарна юкъахь дика кхиамаш хиларца а, хьанал къахьегарца а билгалваьлла ву Талхадов Адам. Цо ша а, цуьнан доьзало а леррина  леладо латта.

Даймехкан Сийлахь-боккхачу тIеман ветеран а ву Маканахь  вехаш – Зубков  Илья Сергеевич. Юьртан администрацис терго йо цуьнан,  хьашташка  хьожу. Ткъа иштта ветеранех бисинчу  зударийн а гIо до Гиланис куьйгалла дечу коллективо: дезачу деношкахь совгIаташ деш, лоьраш кхойкхуш, хIусамаш тоеш, царна оьшу документаш кечдеш.

Бахархошца бечу балхахь дика дакъалоцуш ву маьждиган имам Хазирайлов  Ширвани. Нахана рузбанехь хьехам бина  ца Iаш, гуламашкахь дакъалоцуш а, галваьллачунна хьехар деш а, нахана гIо оьшучохь араволуш – гуттар а жигара  ву иза.

Шайн юьртахь дика школа а, 160 берана лерина берийн беш а ю, боху Гиланис.

Деш доккха Культурин  цIа а ду, шена чохь хьовсархойн зал хиларал сов, библиотека  а  йолуш, спортивни секцеш а, искусствон кружокаш а дIакхехьа чоьнаш а  йолуш. Иза кестта дина дер ду, тIаккха кегийчарна шайн мокъа хан дIаяхьа а, пайден дерг Iамо а хьелаш хир ду.

Нахана белхан меттигаш  кIезиг хилар ю шайн уггаре йоккха хало, боху юьртдас. Делахь а иза цхьана ханна бен дац, дерриге а дIанислур ду, белхан меттигаш а хир ю, юьртахойн дахар кхин а дика  хирр ду.  Цунах Гиланин цхьа а шеко яц.

– Адамаш дика ду тхан, – боху цо, – цхьа боккха доьзал санна, бертахь деха тхо. Аьлча, хьо  ца  теша  там а бу – ас болх бечу хIокху шина  шарахь цкъа дов даьлла, нах летта я кхин зулам даьлла меттиг ца хилла тхан юьртахь. Цунах воккхаве со.

Иштта барт болуш йолчу юьртахь  болх беш ша хилча, муьлхха  юьртда а воккхавен мегар ду.

АРСАНУКАЕВ Муса  

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: