Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъийн Соьлжа-ГIалин отделенис масех де хьалха дIаболийна №381/382 «Соьлжа-ГIала – Москва» цIерпоштан вагонаш цIинъяран болх. Иштта хаам бира республикин транспортан а, зIенан а министран заместитела Атаев Руслана.

– ХIоттийначу планаца нийса а догIуш, Къилбаседа Кавказан цIерпоштнекъийн Соьлжа-ГIалин отделене хIинцале схьакхаьчна лаккхара бегIийлаш (комфорт) йолу вуьрхIитта купейн а, кхоъ вуьжу а, шиъ штабан а вагон. ГIуран (декабрь) бутт чекхбалале плацкартан кхин йиъ а, тIедогIучу шеран кхолламан (январь) баттахь штабан кхин а цхьа вагон схьакхачаре хьоьжуш ду тхо, – элира цо.
Цо дийцарехь, «Соьлжа-ГIала – Москва» цIерпоштан хIинцалера вагонаш ширъелла хиларца доьзна ду уьш керлачаьрца хийца йолор.
– Оцу цIерпоштаца дIасалелачу пассажирийн а, церан багажан а кхерамазалла лакхаяккхарца а доьзна ду оха и белхаш дIаболор. Цул сов, билгал ца даьккхича ца долу, и цIерпошт вайн республикин уггаре а коьртаниг хилар а, хIинццалц цо лелош йолу вагонаш 35–40 шо хьалхалера хилар а. Иштта, хууш ма-хиллара, республике оьхуш болчу туристийн барам а алсамбаьлла. Царах дукхахберш оцу цIерпоштаца богIу республике. Цара хIоразза а билгалдоккху республика кхуьуш йогIуш хилар а, цIерпоштан вагонаш тIех шира хилар а, – билгалдаьккхира Р.Атаевс.
Кхузахь билгалдаккха догIу республикин Правительствон председатела Эдельгериев Абубакара, и гIуллакх кхочушдарехь гIо доьхуш, «Россин цIерпоштнекъаш» компане масех дехар дина хилар. Карарчу шеран аьхка оцу гIуллакхна лерина белхан тоба вовшах а тухуш, иза мелла а сиха кхочушдаран Iалашонца «Некъан карта» а тIеэцнера.
Делахь а, и гIуллакх кхочушдарехь «Ро ссин цIерпоштнекъаш» компани а, республикин Iедал а дикка тIаьхьадисина. Иза гойту оцу цIерпоштаца дIасалелачу республикин бахархойн а, хьешийн а къамело.
– Кеманца ваха таро ца хиларе терра, со кхузза Москва а вахана, доьазза Соьлжа-ГIала а веана оцу цIерпоштаца. Аьхка йовха хуьлу цу чохь, Iай – шийла. Цул сов, гуттар а цхьаъ юхкуш цигонаш а, чухьоьжуш бевзаш боцу нах а хуьлу. ХIинца мукъане иза хийцалур дац те?.., – элира Соьлжа-ГIалин вахархочо Исабеков Сулимана.
Амма цу чуьрчу температурин башхаллаш а, шайна сом даккха гIерташ болу цигонаш а лан хала дацара, вагонаш чохь йогIуш вуон хьожа яцахьара аьлла, www.otzovik.com сайта тIехь республикин коьртачу цIерпоштах лаьцна доккха кехат яздина Anarksiya Smelaya цIарца йолчу пайдаэцархочо.
Цо яздарехь, «Соьлжа-ГIала – Москва» цIерпоштан цхьа хIума ду дика – шен хеннахь дIакхачар. Ткъа кхидIа мел дерг – вуон. Ша яздеш дерг тIечIагIдеш дуккха а масалш даладо цо. Вай довзуьйту царах масех: «… карахь дерг XXI-ра бIешо, ткъа чохь – Советийн Iедал керчича дуьйна суна хааелла йоцуш йолу вуон (чIерийн даьттан) хьожа. Айса ахча эрна делла хиларх тешаш ю со…», «ЯахIума шозза ян езаш яра суна. Амма цкъа бен ца еара. Ма-дарра аьлча, шолгIа еанехь, ас иза юур а яцара: декъа бепиг, картолах динчух тера долу худар, цхьа шиша хи».
Автора мел яздинарг бакъ а деш, цуьнан яздарна бухахь 127 комментари йитина кхечу пайдаэцархоша. Ткъа яздарна 322 «like» (доцца аьлча, яздинарг нийса хеташ хилар дIахаийтаран нуьйда) хIоттийна. Цо, иза мел ца тахь а, республикин коьртачу цIерпошта тIехь цкъачунна долу сурт ма-дарра схьагойту.
И.ИСЛАМОВ
№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо