«РОСГОССТРАХ» компанин спонсорствоца футболехула Россин Федерацехь хьалхеяккхаран Премьер-Лигин 2016–2017-чуй шерийн чемпионатан 16-чу турехь Соьлжа-ГIалара «Терек» шен цIахь цхьаьнакхийтира Краснодарерчу «Краснодар» командица. Цхьаьнакхетар дIадаьхьира гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь «Ахмат-Арена» спортан комплексан футболан майданахь.
Матчан 2-чу минотехь дуьйна жигара ловза буьйлабелира соьлжагIалахой. Цунах кхаъ хиллачу хьовсархоша а сихонца дIадолийра ловзархой шовкъе бохуш долчу маьхьарийн «гIо-накъосталла». Амма, «гIодаран» маьхьарий 2-чу минотехь дуьйна детта долийнехь а, соьлжагIалахой шовкъе ца бевлира 25-чу минотехь бен. Грозав Георгес сонера схьаяийтина буьрка Пирис Факундоса коьртаца хьешийн кевна чу яхийтира.
Цул тIаьхьа 8 минот а ялале, Грозав Георген а аьтто белира хьешийн кевна чу гол тоха: Мохьаммади Милада шега схьакарчийна буьрка, краснодархоша ша вуьтур воций хиъча, дукха ловза а ца еш, геннара дIа чу туьйхира. Буьрка, хьешийн кевнан аьрру сонехула, кевнахо тIе а ца кхочуш, чуяхара.
Хьалхарчу тайман 33-гIа минот бен йоццушехь, серлонан табло тIехь 2:0 терахь дIахIоьттира. И счет кхин хийца ца луш, тайм чекхъелира.
Оцу таймехь коьртачу суьдхочо Федотов Игора хьешийн шина футболистана Торбинский Дмитрийна а, Быстрой Владимирна а можа карточкаш гайтира.
ШолгIачу таймехь хьешийн жигаралла а хаалуш яра. Амма матчан 72-чу минотехь, цара кхин гол тухург а ца хилла, «Терекан» ловзархочо Анхель Уилкера коьртаца шен командин кевна чу гол тохарца совгIат дира царна.
Федотов Игора ловзаран 80-чу минотехь краснодархойн Налдона (Перейра Гомес) гайтина долу можа карточка доцург, кхин бIаьрла хIума доцуш, чекхъелира шолгIа тайм.
Иштта, жамI 2:1 долуш дIадирзира цхьаьнакхетар. СоьлжагIалахойн а, краснодархойн а ловзаре хьажа веана 15 235 (ах стадион хьалаюьзнера) хьажархо вара.
И.КАНТАЕВ
№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо