ВорхIе а дех дисина некъаш

Лахьанан (ноябрь) беттан 30-чу дийнахь Хьалха-Мартан кIоштарчу Iалхан-Юьртарчу кIоштан библиотекехь билгалдаьккхира Россин Яздархойн союзан а, Журналистийн союзан а декъашхочун, поэтан Ахматукаев Адаман 55 шо кхачар.

IMG_6709

Библиотекин заведующис Эльмурзаева Банажас вовшахтоьхнера «ВорхIе а дех дисина некъаш» а, «Сан ненан гIенаш къежлуш ду сан гIевлангахь» аьлла болу гайтамаш. Адам муха адам ду, муха нохчи ву оцу шина-кхаа могIано а гойту.

Поэтан кхоллараллин суьйренехь дакъалоцуш бара Нохчийн Республикин халкъан яздархой: Бексултанов Муса, Минкаилов Эльбрус, А.Айдамировн цIарахчу литературин-мемориальни музейн директор, яздархо Айдамирова Машар, Iалхан-Юьртара къано, тылан ветеран Вараев Сайд-Ахьмад, Хьалха-Мартан кIоштан администрацин куьйгалхочун гIоьнча Овхадов Лом-Iела, иштта Iалхан-Юьртарчу школин дешархой а, культурин белхахой а, Ахматукаев Адамца цхьаьна классехь дешнарш, гергара нах.

Библиотекара Банажас, хьешашка маршаллин дешнаш аьллачул тIаьхьа, билгалдаьккхира Адам поэт, публицист, гочдархо хилар. Цул тIаьхьа библиотекин кегийчу ешархоша шаьш кечйина программа йовзийтира. Цунна юкъахь дара Адама язйина байташ ешар а, ткъа иштта цо язйинчу «Лулахь-кулахь» забаран дийцарна йина инсценировка гайтар а. Музыкальни совгIаташ дира Iалхан-Юьртарчу а, Хьалха-МартантIерчу а Культурин цIенойн белхахоша: Дураев Ислама, Кантаев Мусас, Сааев Iайндис. Мартан-Чуьра веанчу илланчас Сааев Iайндис дечиг-пондарца дIаэлира Яралиев Юсупан дешнаш тIехь Дидигов Билу-Хьаьжас даьккхина долу «Дала ма лойла вай, кIентий» илли. Иштта, кхин а масех илли аьллачул тIаьхьа, суьйренан хьешашка дош делира.

Вараев Сайд-Ахьмада билгалдаьккхира Ахматукаев АдамгIеран дай оьзда, бусалба, цIена нохчий болуш баьхна хилар. «Адам санна верг тхайн юьртара хилар юьхькIам бу тхуна» – элира цо.

Минкаилов Эльбруса аьлларг а дара доцца а, чулацаме а. «Шу ирс долуш нах ду. Шун юьртара схьаваьлла ву поэт Сатуев Хьусейн а, Арсанукаев Iабдулла а, иштта хIара Адам а кхузара ву. Адама шен кхолларалла доьзалан гIиллакх дийцарна тIера дIайолийна. Къам а, пачхьалкх а кхуллург доьзал бу».

Бексултанов Мусас элира: «Яздархо ву шен къоман гIалаташ, сиркхонаш массарначул а хьалха гуш верг. Яздархо лоруш ца хилча и къам цкъа а кхуьур дац. Шун юрт (Iалхан-Юрт) суна тхан дас юьйцуш хезна. Ширачех юрт ю хIара Нохчийчохь. Вайн махкахь лаьттинчу бохамашна дуьхьал лаьттина ю.

ХIара санна йолчу ярташкахь цхьацца шо доккхуш ваха лаьара суна. Баккхийчу наха дийцинарш гулдеш, дIаяздеш ваха. Церан хьикмат ду.

Хьусейн а шун юьртахо вара. Къинхетаме, оьзда стаг. Адам суна Джанаралиев Iимрана вийцина вевзира, «Адам дика стаг ву, цуьнца гергарло леладелахь, карор ду хьуна», – аьлла.

Адам математикин говзалла караерзо деша ваханехь а, амма хIара дика яздархо ву, шен хатI, мотт болуш. Йозанца къахьоьгуш верг лара веза».

Айдамирова Машара юбилярана Омар Хайяман байтийн гулар елира: «Адам, Омар а вара хьо санна математик. Цундела хьуна дика хуур ду цуьнан поэзи нохчийн матте гочъян. Дала декъал войла хьо».

Ахматукаев Адама вуно говза нохчийн матте гочйина М.Лермонтовн «Мцыри» поэма а, иштта оьрсийн яздархойн дуккха а байташ а.

Чулацаме, хаза суьйре яра Банажас вовшахтоьхнарг. Дешархошна пайдехь дерг, даима а дагахь лаьттар дерг дуккха а хезира яздархошкара.

З.ЭЛЬДЕРХАНОВА

№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: