«Дикалла – цIенчу даггара»

Иштта цIе яра, дукха хан йоццуш Соьлжа-ГIаларчу Радион цIийнехь (НР-н къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерство) дIадаьхьначу гIоьналлин гIуллакхан.

ООН-н Генеральни Ассамблейс №47/3 резолюцица билгалдаьккхина ду гIуран (декабрь) беттан 3-гIа де ЗаьIапчу нехан де ду аьлла.

Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран Умаров Джамбулатан тIедилларца дIадаьхьира Радион цIийнехь оцу денна лерина гIуллакх. Иза вовшахтохарехь дакъалецира Нохчийчоьнан юкъараллин «Оптимум» организацин а, Инновацеш кхиоран институтан а, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон а, республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан а, Юкъараллин палатин а, махлелоран «Татаев» компанин а векалшца.

image220038864

Иштта цигахь дакъалецира Нохчийн а, ГIебартойн-Балкхаройн а республикашкарчу коллективаша, заьIап наха. Лакхахь билгалъяьккхинчу министерствон къоман политикин департаментан директора, Журналистийн союзан председатела Хатуев Ислама министран цIарах довха дешнаш элира гулбеллачаьрга.

– Дала гуттар а дог хьоьстийла шун! Цкъа а шу къарделла де ма гойла тхуна! Шаьш бечу балхахь ирс-аьтто, могашалла хуьлда шун! Таханлера цхьаьнакхетар къаьсттина хаза а, шатайпа а ду. Дала тIаьхье беркате йойла вайн, – элира И.Хатуевс.

Концертни программа гойтучарна юкъахь а бара заьIап говзанчаш. Уьш хазахетарца тIеоьцура гулбеллачара. Кест-кеста хелхаран бал а боккхуш самукъане дIаяьхьира концерт.

«Оптимум» организацин куьйгалхочо Ахмаев Руслана декъалбира зала чохь гулбелла заьIапхой церан денца.

– «Дикалла – цIенчу даггара» аьлла долу гIуллакх дIахьош дакъа мел лаьцначарна даггара баркалла боху ас. Шун дахар атта доций хаьа тхуна, цундела тхайн ницкъ кхочучу барамехь, шун самукъадаккха хьовсу тхо, Дала мукъ лахь, кхул тIаьхьа а хьовсур ду, – элира цо.

«Татаев» компанин векала Юсупхаджиев Iийсас элира: «Иштта гIуллакх дIадахьа лерина дуй хиъча, юкъадаьхкина тхо а. Дела реза хуьлда хIара гIуллакх долийначарна! Вайн юкъаралло уггаре а лара безарш, вай терго ян езарш бу заьIапхой. Кхул тIаьхьа а хIокху тайпанчу гIуллакхашкахь дакъалаца дагахь ду тхо».

И гIуллакх дерзош махлелоран «Татаев» компанис даийтина сагIа дIасадийкъира заьIапхошна.

Хь.БАХТАЕВА

№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: