Масех де хьалха белхан визитаца республике баьхкина болу федеральни министерствийн а, ведомствийн а векалш промышленни цхьамогIа объекташка кхечира.
Царах цхьаъ яра Устрада-ГIалахь йолу «Чеченавто» завод. Цигахь хьешашна гайтира машенаш вовшахтасаран болх. Заводан генеральни директора Таймасханов Сайд-Хьусайна тIейогIучу хенахь заводехь дан леринарг довзийтира. Цо дийцарехь, завод ницкъболуш ю тIедогIучу шарахь дуьйна вовшахтосучу машенийн барам шозза алсамбаккха.
– ТIедогIучу шарахь а машенаш вовшахтаса тхайна бакъо луш болу барт бийр бу оха «АВТОВАЗАЦА» хIокху беттан чаккхенехь. Цуьнца цхьаьна дийцаре дийр ду «Чеченавтон» заводехь «Лада Приора» машен кхидIа вовшахтасаран гIуллакх. Амма «Лада Гранта» вовшахтасаран белхаш совцориг цахиларан цхьа а шеко яц, – элира цо.
Цо билгалдаккхарехь, машенаш кхин а алсам вовшахтаса заводан ницкъкхочур белахь а, «АВТОВАЗАЦА» бина барт а боцуш, иза дан таро а, пайда а бац.
– ХIора а шарахь билгалбоккхуш бу тхуна машенаш вовшахтасаран барам. Масала, карарчу шарна 6 эзар 7 бIе машен вовшахтаса бакъо еллера. ТIедогIучу шарахь 12 эзар машен вовшахтаса лаам бу тхан, нагахь санна коьртачу компанеца барт хилахь, – билгалдаьккхира С.-Хь.Таймасхановс.
Нохчийн Республикин промышленностан а, энергетикин а министра Таймасханов ГIаласана хетарехь, «АВТОВАЗ» компанис а, Россин промышленностан а, махлелоран а министерствос а, барт а бина, «Чеченавто» «АВТОВАЗАН» машенаш вовшахтасаран официальни майда хилар тIечIагIдича мехала хир дара.
– «Чеченавтох» «АВТОВАЗАН» машенаш вовшахтасаран официальни майда яр а, республикехь машенийн компоненташ ян бакъо ялар а мехала хир дара меттигерчу промышленностана. Машенийн компоненташ ас куьйгалла дечу министерствона юкъайогIучу «Опытный завод Минпрома» предприятехь а, Соьлжа-ГIаларчу опытно-экспериментийн «Автоматстрой» заводехь а ялур ю. И ши гIуллакх федеральни тIегIанехь «АВТОВАЗАН» а, Россин промышленностан а, махлелоран а министерствон векалша а дийцаре дан дезаш а, сацам тIеэца безаш а ду, – элира министра.
Цул тIаьхьа хьеший «Казбек» технопарк ян леринчу майдана а, «Чеченнефтехимпроман» энерги Iалашъяран системаш яран заводе а бахара.
Билгалдаккха догIу делегаци юкъахь Россин промышленностан а, махлелоран а, Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула йолчу а министерствийн а, Промышленность кхиоран фондан а, «Къилбаседа Кавказ кхиоран корпораци» а, «Жима а, юккъера а бизнес кхиоран федеральни корпорацин» компанийн а векалш хилла хилар. Делегацина коьртехь вара Россин промышленностан а, махлелоран а министран заместитель Осьмаков Василий.
И.АДАМОВ
№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо