Историс Iама а до, ган а гойту

Кху доккхачу дуьненахула дIасабахана нохчий. Уьш дIабахаран бахьанаш тайп-тайпана ду. Делахь а сан дукха хаттарш хIуьтту. Хийра махка дIа а бахана, дукха хьолахь, я керста я бусалба а боцчу махкахь шен доьзал кхиочунна хIун пайда болу те? Муьлхачу дикане кхочу те иза? Цигахь шен бераш бусалба динехь кхуьур ду аьлла тешна вуй те иза? Я бен а ца хета те цунна?

prikazano_zabyt_kino

Шен нахана юкъахь санна нохчийн гIиллакх-гIуллакх Iемар дуй те царна? Я иза а бен а ца хета те цунна? (Цигахь иза оьшуш а ма даций).

ТIеетташ бомбанаш а, тIедетташ герзаш а долуш, чу-ара вала а аьтто боцчу хенахь, шен доьзал хIаллак ца хилийта, иза кIелхьарбаккхархьама цхьанхьа, цхьана ханна, дIавахар цхьаъ ду. Амма со ца кхета, цIахь тIом боцчу хенахь, Iедална реза вац я бан болх бац, олий дIавоьдучух. Зуламаш а ца деш, хьанал рицкъ даккха, бусалба дин а, къоман гIиллакх-гIуллакх а лелон паргIат вуьтуш хилча, хIунда воьду те нохчи хийрачу, ца бевзачу махка?

Историн кIоргене гIоьртича, гуш ма ду вайна хьалха дIабахначарах хилларг.

XIX-гIа бIешеран чаккхенехь Россин-Кавказан тIом чекхбаьллачул тIаьхьа, масийтта эзар доьзал махках а баьлла, керста Iедалан олаллехь Iийр дац шаьш аьлла, Хонкара, бусалба пачхьалкхе дIабахана. Царах дукхахберш мацалла белла, бисинарш баьржина, Урдунехула, Шемахула дIасабахана. Вайн махкана, халкъана байна бу царах дукхахберш.

БIе шарахь сов шайн махкаца, гергарчаьрца цхьа а тайпа зIе а йоцуш, мел кIезиг а кхо да цигахь дIаваьлла. Цигахь бина а, цигарчу къаьмнийн гIиллакхаш схьаэцна а, яхар-яр а цаьрца долуш бехаш бу цхьаберш. Шаьш дуьнен чу а девлла, дехаш долу меттиг – Даймохк бу царна. ХIокху махкара дIавахнарг, дIавоьдуш мел жима хиллехь а, юханехьа, цIа сатуьйсуш, воьлхуш, велла дIаваьлла.

Советийн Iедал тIедеача дIабахнарш (эпсарш, хьоладай) иштта, цIа сатуьйсуш белла. Дукха хан йоццуш телевиденехула гойтуш дара нохчийн гIарабевлла болчу махкахойн Францехь долу кешнаш. Церан дуьнен чу бовларан-кхалхаран терахьашка хьаьжча гуш дара, уьш кхузткъа шаре бевлла а цахилар. Уьш мацалла белла а бац я цхьамма а ницкъ бина белла а бац, уьш, хьоладай хиларе терра, дика хьоьгуш хилла. Уьш беккъа цхьана сингаттамашна, шаьш диначунна дохкобевлла, Даймахке сатуьйсуш белла хир бу аьлла хета суна. Йийца йисина тIаьхьенаш а яц церан.

1944-чу шарахь нохчийн халкъ цIера арадаьккхинчул тIаьхьа, 13 шо даьккхина вайнаха шайн цIа, Даймохк гаре сатуьйсуш. ЦIадахка бакъо елча: «Шу кхузахь дIа а тарделла, гIеххьа бахамаш а гулбина аш, дIа а ца доьлхуш кхузахь совца. Шун хиллачул боккха а, дика а мохк ло оха шуна», – аьлла хилла боху нохчашка Казахстанан хьаькамаша.

chechen-pic905-895x505-38174

«Мухха белахь а тхайн мохк гIоле хета тхуна», – аьлла, пайда боцчу мехах шайн бахамаш дIа а бухкуш цIа баьхкина нохчий. Iовдал болуш богIуш хилла те уьш? Дера ца хилла. Вайга, тIаьхьенашка, шайга шайн дайша санна, вайна Даймохк схьабалархьама баьхкина-кх. Бакъду, баланаш дукха хьоьгу вай вешан махкахь, тIемаш а лов.

Амма, историн кIоргене хьаьжча, цхьа а къам дац баланаш Iовшаза. Дуккха а къаьмнаш, яккхий цивилизацеш, хIаллак а хилла, дуьнен тIера дIаевлла. Вайх Дала къинхетам бар бахьана долуш, дисина ду вайн къам кхача ца луш. Вайн эвлаяийн а, дикачу нехан а беркат бахьана долуш дисина.

Нохчийн мохк исбаьхьа бу, дуккха а хазнаш, маьIданаш дохку вайн когаш кIелахь.Тахана вай царах пайда цаэцарх, цхьана заманчохь вайн тIаьхьенаша оьцург хиларх тешна хила деза вай. Цундела ларбан беза вай вешан мохк. Кхузара дIадахча цадезачийн луур ма доккху вай.

Цхьаволчун ойла кхоллаяла там бу: «ДIабахча хIун ду нохчий? Кху заманахь сихха дIаса вахало, кеманаш, цIерпошташ, машенаш ю. Амма цу хьокъехь ала лаьа: «Иза тахана ду иштта. БIе шо хьалха а вахалуш хилла, тахана санна сиха ца вахавеллехь а, дIаса, таро хилчахьана. Дуьненан хьалхара тIом болабелча, дуккха а пачхьалкхашкахь Iедалш хийцаделла, цара шайн дозанаш дIакъевлина.

Вайн эвлаяаша дийцина бохуш, дуьйцуш хезна цхьа хабар ду. Цхьана заманчохь, махках а бевлла дIабахнарш, кхин юха бахка аьтто боцуш, цигахь буьсур бу, бохуш. Цара мел дийцинарг кхочушхуьлуш схьадогIуш а ду.

Хан билгал ца яьккхина цара. Амма замано гойтуш долчуьнга хьаьжча, дуьненаюкъара хьал чолхе даьлла.

Вала а, виса а шен нахана юкъахь, оьшучохь дан гIо а, дала орца а долуш, шен махкахь хилар гIолехь ду, шен тIаьхье а юьтуш, нохчи а волуш ваха лууш волчунна.

СУЛЕЙМАНОВ Абубакар

№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: