Россехь уггаре а къона Іилманча-юрист

IMG-20140625-WA0007

Дукхачарна Хеда йоккха хилча, цунах лор хир ю моьттура. ХIунда аьлча, цуьнан нана Расаева Лайлаъ Нохчийчохь  евзина ца Іаш, Россехь а  дика евзаш лор йолудела. Амма Хедина юрист хила лиира, нанас дуьхьало ца йира йоьIан лаамна. Иза жимайолчу хенахь, ша а юрист хиллачу Хедин дас Iадмана, «цунах юрист хир ю» аьлла хиллера. (Иза кхелхина цу хенахь, дала гечдойла цунна). Оцу ойланца йоккха хилира  Хеда. Школехь дуьйна бакъо а, закон а довзаре хаарш кхиийра йоІ. Жимчохь дуьйна кхеттера иза, шен кхане  юристан говзаллехь хилар. ТIехдика дешарца чекхъяьккхира Хедас 2004-чу шарахь Москван №523 йолу юккъера школа. Оццу шарахь Россин пачхьалкхан гуманитарни университетан (Москва гIала) юридически факультете деша яхара иза.

2009-чу шарахь тIехдика дешарца университет чекхъяьккхира Хедас, дешна яларца, Нохчийн Республикин Адвокатийн палате кехаташ чуделира. Кхиамца экзаменаш дIа а елла, уггаре а къона адвокат хилира кхунах (21 шо). Таханлерчу дийнахь а циггахь болх беш ю Хеда, Нохчийн Республикин адвокатийн «Низам» коллегехь.

Вайн республикехь юридически декъехь дукхачарна евзаш а, ша дика говзанча хилар гайтина а йолчу Хедас мало ца йо шен хаарш де-дийне алсамдахарехь, кхиорехь. 2013-чу шарахь тIехдика дешарца чекхъяьккхира Хедас Махачкалара  финансийн а, бакъонан а институтан финансово-экономически факультет. Карарчу хенахь оццу институтан урхаллин факультетехь 3-чу курсехь доьшуш ю Х.Расаева. 2013-чу шарахь Москвахь Россин пачхьалкхан гуманитарни университетехь кхиамца диссертаци лар а йина, Россехь уггаре а къона юридически Iилманийн кандидат хилира 24 шо бен доцучу говзанчех.

Шен корматалла дика евзина ца Iаш, суьдехь муьлхха а гIуллакх лаккхарчу тIегIанехь чекхдаккха хаар, шайна тІеоьхучу  нахаца дика юкъаметтигаш лелор, шегара гIо оьшучунна муьлххачу хенахь накъосталла дан кийча хилар, тIенисъеллачу халонашка хьаьжжина доцуш, муьлххачу а стеган дегайовхо кхоллар, дикачух иза тешор, яхь, доьналла, гIиллакх-оьздангалла хилар… Дийцина ца валлал дуккха а диканаш ду нохчийн оьздачу йоьIан Расаева Хедин амалехь.

Хуьлийла иза хьехархо я гIишлошъярхо  башхалла а яц, цуьнгахь  лаккхара говзалла хилар тидамза ца дуьсу цкъа а. Тайп-тайпанчу совгIаташца билгалбаьккхина Хедин къинхьегам. Царна юкъахь ду кхиаме а, маьIне а болх барна «Россин тоьлла адамаш» ерригроссин энциклопедин редакцин юкъараллин-консультационни кхеташонан Сийлаллин диплом (2009-гIа шо),  оццу кхеташонан «Почет и Слава» орден а, Баркаллин кехат а, Нохчийн Республикин Парламентан Сийлаллин билгало, «Россин интеллектуальни ресурсаш» программин сертификат (цу программин жамIашца «Москван тоьлла арахецархой – 2009» справочник юкъаяхна Хеда), иштта Нохчийн Республикин Парламентан, къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министерствон, Адвокатийн палатин, Россин пачхьалкхан гуманитарни университетан  Сийлаллин грамоташ. Билгалдаккха деза, «Почет и Слава» орден Россин Федерацин юкъараллин совг1атех уггаре а  лаккхара совг1ат хилар, Россин Федерацина хьалха даккхий г1уллакхаш дарна, социально-экономикин, 1илманан-техникин, социальни-культурин дакъош кхиорехь б1аьрла кхиамаш бахарна бен иза луш цахилар.

Нохчийн Республикин юкъараллин палато дIакхайкхийначу «Мисс юстиция – 2011» конкурсан коьрта совгIат «Гран-при» даьккхина цо. Г1уллакхехь, балхахь дика ларочу зударшна юкъахь дIахьош йолчу «Кхиам» ерригроссин конкурсан масех номинацехь толам баьккхина, Сийлаллин дипломашца совгIаташ дина Х.Расаевана. Цу тайпа толамаш дуккха а бу Хедин корматаллин новкъахь, шеко яц уьш тIаьххьара ца хиларх а. Карарчу хенахь докторски диссертаци тIехь болх беш ю Расаева Хеда. Дукха ца Iаш, Россин уггаре а къона юридически Iилманийн доктор хир ю цунах, Дала мукъ лахь. Хедин уггаре а коьрта хьуьнар лара мегар ду, доллучунна тIе иза дика нана хилар а. Хаарш лахарехь ненах масал а оьцуш кхуьуш ю 7 шо долу Амина. Лаьа кхидIа а шен новкъахь баккхий кхиамаш бохуш, Хеда даима ирсе ехийла. Расаева Хеда санна, дерриге а къомана, республикина юьхькIам болу кегийрхой Дала ма эшабойла вайна!

А.МУСАЕВА

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: