Больнице балха хIоттарх хуьлуш вац лоьрах бакъволу лор. Муьлххачу а адамех ца хуьлу лор. Иза, уггаре а хьалха, Дала деллачу къинхетамечу дагах, кIорггерчу хаарех, говзачу куьйгех доьзна ду. Республикин онкологин диспансерехь наха дика цIе йоккхучу лоьрех цхьаъ ву Республикин онкологин эндоскопин отделенин лор-эндоскопист Чуликов Ислам. Цо цигахь болх бен цхьа шо хан бен яц, хIетте а, оцу диспансерехь учетехь лаьттачу дархоша ларамца цIе йоккхуш ву иза.
Йоккхачу АтагIахь вина а, кхиъна а ву иза. Циггарчу №2 йолчу школехь дешна цо. Школехь дика доьшуш вара кIант. Шен нийсархой ловзучу хенахь, дешарца йоккхура цо шен мокъа хан. Цунна а ма лаьара, уьш санна, ловза. Амма, стенцца дуьстича а, дешар уггаре а коьрта хетара. Школа кхиамца чекх а яьккхина, Нохчийн пачхьалкхан университетан медицинин институте деша вахара Ислам. Шен хьехархойх масал оьцура кIанта. Институтехь доьшучу хенахь даима а лехамашкахь хуьлура Ислам. Керла цхьа хIума шена ца девзаш дIадаьлла де эрна хетара.
ЦIечу дипломаца чекхъяьккхира цо институт. Цул тIаьхьа Москварчу П.А.Герценан цIарахчу Iилманан-талламан онкологин институте хьажийра хинволу лор. Цигахь «онкологи а, эндоскопи а» говзаллехула ординатура чекхъяьккхира. Цу юкъана цуьнан таро хилира онкологин а, эндоскопин а декъехула кIорггера хаарш карадерзо. Цигара цIавеанчул тIаьхьа вахара иза республикин Онкологин диспансере балха. Цигахь шен хиллачу дуьххьарлерчу белхан дийнах лаьцна иштта дийцира цо: – ХIоранна а ма-хиллара, сан белхан дуьххьарлера де а дацара аттачарех. Делахь а, суна дагахь доцчу кепара дIадахара и де. Цу дийнахь цхьацца цамгаршца тIебогIурш кIезиг бацара. Цхьа-ши дархо тIеэцначул тIаьхьа, мелла а сапаргIатделира сан. Отделенин заведующи волчу Хаджиев Хьамзата а гIо-накъосталла дора суна. Хатта дезарг, шеко ерг цуьнга хоттура ас.
Де а, буьйса а ца лоьруш, шега гIо дехначунна муьлххачу а хенахь орцахвала кийча ву Ислам. Цуьнгахь йолчу оцу цхьана агIоно а гойту цунах шо-шаре даларца кхин а говза, бакъволу лор хирг хилар. ТIаккха цунах нахана а беркат хир ду. ТIейогIучу хенахь аспирантуре деша ваха ойла ю цуьнан. Медицинин хьаьрмахь цо йохурш хьалхара гIулчаш бен яцахь а, хьанна хаьа, хан-зама яьлча, гIарабевллачу профессорийн могIарехь Ислам а хуьлий.
З.ХАСИЕВА
№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо