Цара турпалалла гайтира

Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана билгалдаьккхира 2014-чу шеран гIуран (декабрь) беттан хьалхарчу деношкахь Соьлжа-ГIала чубаьхкина хилла болу террористаш хIаллакбарехь дакъалаьцначу бIаьхоша турпалалла гайтина хилар.

Kadyrov-soveshhanie1

«Ши шо хьалха Соьлжа-ГIалахь боккха бохам хилира. Террористаша «Зорбанан цIа» а, №20 йолу школа а дIалецира. Цул сов, хIилланца ДПС-н патрулана тIелатар а дира. Оцу муьрехь со кеманахь Москва воьдуш вара. Цундела «Внуково» аэропорте дIа а кхаьчна, цигахь кеманна ягориг а йоьттина, республике юхаверззалц ас телефона чухула куьйгалла дира уьш хIаллакбаран операцина. Соьлжа-ГIалахь оцу операцин штабана куьйгалла а дира. Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон подразделенеша а, «Терек» СОБР-н а, Россин МВД-н чоьхьарчу эскарийн Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарахчу полкан бIаьхоша а майралла а, турпалалла а гайтира. Зорбанан цIа дIалаьцна хилларш Iуьйре хуьллуш хIаллакбира, ткъа берриге а террористаш хIаллакбаран операци делкъана дIайирзира», – яздина республикин Куьйгалхочо оцу хьокъехь.

Иштта цо яздина, лерринчу операцин штабан а, бIаьхойн а майралла а, турпалалла а бахьана долуш, террористийн планаш кхочуш ца хилла хилар.

«Цхьа а бандит гIали чуьра дийна ара ца велира. Маьршачу бахархошна юкъахь хила тарлуш долу дуккха а кхалхарш ца хилийта ницкъ кхечира вайн бIаьхойн. Бахархоша оцу муьрехь шайна жимма а тамашийна хеттарг а штабе дIахоуьйтуш дара», – яздина цо.

Цул сов, оцу операцехь кхелхинчу 14 бIаьхочух лаьцна а яздина Р.Кадыровс.

«Уьш бакъдуьнена дIабахана гIазотан некъа тIехь а, Даймехкан Турпалхой а болуш. Ас хIоразза а билгалдоккхуш ду Соьлжа-ГIала маьрша гIала хиларе терра, иза милла а чу ван маьрша хилар, амма зулам динарг ара-м волуьйтур вац!», – тIетоьхна цо.

Республикин Куьйгалхочо яздарехь, операци чаккхене яханчул тIаьхьа, иза кеманца Москва дIавахара. Цигахь Россин Президентаца Путин Владимирца шен хиллачу цхьаьнакхетарх лаьцна а хаийтира цо.

Путин Владимира операцехь дакъалаьцна болу бIаьхой турпалхой хилар билгалдаьккхира. «Хьуна а, Нохчийн Республикин бакъонаш ларъяран органашна а къаьсттина баркалла боху ас. Ахь а, республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министерствон бIаьхоша а шаьш говзанчаш хилар гайтарал сов, майралла а, турпалалла а йолуш хилар а гайтира, – элира цо. Иштта лаккхара мах хадийра вайн Россин Президента», – олуш дерзийра шен кехат Р.Кадыровс.

И.ХАСАХАНОВ

№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: