Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) хьехамаш

– ХIай совдегарш, йохк-эцарехь, дукха хьолахь, алссам нисло харцлер, эцархо Iехор. ЦIанлолаш сагIа луш хиларца. СагIа даларо бен Делан оьгIазалла лахъян йиш яц. Нагахь санна цхьамма юхкуш йолу хIума сакхт долуш елахь, иза юхкучо эцархочунна дIахоуьйтийла. И сакхт хьулдахь, Делан оьгIазло шена тIейоьху цо.

– Кхечу стагана иэшам беш, цуьнан хьаштонех хьайна пайда бан ма гIерта, цуьнгара лахарчу мехах хIума а эций, цул а гIо де цунна. Шегахь йолу къелла эшон, дIаяккха, мецаниг вузаве. Цомгашниг волчу зерате хIотта. Маьрша воцург паргIатваккха, иза бехк боцуш маршо яйъина велахь.

– Хьайна уллорниг дастам ма хета, хьайл лахара а, кIезиг а ма хета. Лаьтта тIе ког ма баккха даг чохь куралла а йолуш. Далла езаш яц куралла. Цунна ца дезна цавашар а (Iеламнаха дийцарехь, АллахIа оьгIазло йина Шех Иблис дIадаккхаран коьрта бахьана ду цо куралла яр. «Ас хIунда бо цуьнан ларам. Со цIарах кхоьллина ду, ткъа иза (Адам) поппарх вина ву», – аьлла боху Иблисо. Делан неIалт хуьлда цунна).

Боккхучу когаца а, олучу дашца а куралла йоцуш, кIеда-мерза хила. Дерриге а аьзнашна юккъехь а товш доцу аз вираниг ду.

Вайн Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дуьнен чу а валале Iарбаша лоруш хилла ХьаьжцIа. Цига вахарца Хьаьж кхочушдар цIеначу динехь а деза лерина ду. Ткъа ХьаьжцIа оьхучу наха кхехьна цхьадолу суьрташ – Дела цхьаъ веш цахиларан билгалонаш ю. Уьш араяха езаш хилла цIеначу динца. ИбрахIиман заманахь дуьйна а цIеначу динехь лерина ламаз дар а, ламазна хIиттале хьалха хица меженеш юьлуш, иза эца дезаш хилар а.

Къуръана чохь Дала даийтина деза Аятал Курси ду. Шен кIорггера маьIна дан Дала дика дина воцчу стеган ницкъ кхо- чур боцуш, кIорггера маьIна ду цуьнан. Герггарчу хьесапехь аьлча цуьнан чулацамехь ду – Хастам бу АллахIана, дуьне-Iалам кхоьллина, кхобуш волчу. АллахI ву. Иза воцург кхин Дела вац. АллахI дийна ву, даима хир волуш ву. Иза набъеш вац, гIеллуш вац, садоIуш вац. Цо кхоьллина, Цуьнан лаамехь ю стигланаш, Цо кхоьллина, Цуьнан лаамехь ду латтанаш а, Цуьнан лаамехь ду стигаланашна а, латтанашна а юккъехь мел дерг а.

Цунна хууш ду мел хилларг а, мел хиндерг а. Амма цхьанна а хаа йиш яц Цунна хууш долчех хIумма а. Цо ша схьагайтинарг доцург. Цуьнан лаамехь ю стигланаш а, Цуьнан лаамехь ду латтанаш а. Церан терго яр хIумма а халачех а дац Цунна. Иза Ша ву-кх Веза-Сийлахь верг, дерриге а хIуманна ницкъкхочуш верг.

Вайн Пайхамара (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дукха деза дийцина фарз ламаз дар. Маликаш дийнахь а, буьсанна а адамашна юккъехь лелаш ду. Буьйсанна маликаш юха стигала хьала дахча цаьрга вайн Дала хотту: «Муьлхачу хьолехь бити аш Ас кхоьллинарш», – олий. «Тхуна уьш кара а бира ламазе хIиттина лаьтташ, иштта ламазаш деш бита а бити оха уьш», – жоп ло маликаша вайн Далла.

№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: