Соьлжа-ГIалин Старопромысловски кIоштарчу ЗаьIап берашна дарба а, реабилитаци а яран психоневрологин туьшахь ЗаьIапхойн денна лерина цхьаьнакхетар дIадаьхьира. Цигахь дакъалецира Соьлжа-ГIалин мэран хьалхарчу заместитела Бурсагов Хьозас, Нохчийн Республикин кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран заместитела Месербиев Садос, иштта кхечара.
Даздаршка баьхкинчу хьешашка маршалла а хоттуш йистхилира оцу туьшан директор Абдулаева Зина.
– Хууш ма-хиллара, ЗаьIапхойн де дерриге а дуьненахь билгалдоккхуш ду. ХIокху туьшахь реабилитаци еш долчу берех заьIапхой ала ца лаьа суна. Шатайпанчу дуьненахь беха уьш. Амма, хийлазза, могашчу адамехьчул алсам доьналла а, собар а, къинхетам а хуьлу цаьргахь, – элира цо.
Хьешашна шайн туьшан дахар а, берашна реабилитаци ярехь нислуш дерш довзуьйтуш видео гайтира цара. Берриге а шайн бIаьргех довлу хиш а лечкъош, хьаьвсира цуьнга. Психоневрологин туьшахь заьIап берашна кхоччуш дарба деш хилар гойтуш йолу кийсакаш а яра оцу видео юкъахь. Масала, ши шо хьалха реабилитаци ян туьше схьавалийна хилла кIант куьг-ког меттахдаккхалуш а доцуш, Iуьллуш хиллера (иза видео тIехь гуш а дара). Цул тIаьхьа ши шо даьлла. ХIинца кIант, меженаш меттахъяхарал сов, ира а хIоттало, ког а баккхало цуьнга. Оцо гойту вайна, туьшан белхахой баккъал а говзанчаш а, психологаш а хилар.
ЗаьIап бераш декъал а деш вистхилира Бурсагов Хьоза: – ЗаьIапхойн дийнах ас дикаллин де эр дара. ЦIена а, сирла а, догдика а адамаш ду уьш. Хучиев Муслиман а, мэрин берриге а белхахойн а цIарах ас даггара декъалдо шу хIокху денца. Къаьсттина билгалдаккха луур дара суна туьшан белхахоша хьоьгуш долу къа.
Месербиев Садос билгалдаьккхира туьшан белхахой шайгахь баккъал а доьналла а, доккха собар а долуш хилар.
– Хийлазза, ден-ненан собар ца тоьачу я иза кхачийначу меттехь орцахдовлу шу. Цаьрга ца далуш дерг до аш – синтем а бо заьIап берашна. ТIаккха хаа мегар дара, аш дечун мах хадийна вер а воцийла, – бохура цо.
ЗаьIап берашна леринчу цхьаьнакхетаран официальни дакъа чекхдаьллачул тIаьхьа, психоневрологин туьшахь реабилитаци еш долчу цхьадолчу бераша культурин программа гайтира. Музыкин декъехула йолчу шайн куьйгалхочуьнца цхьаьна гойтура цара хIора а номер. Хелхарш, эшарш, забарш – и дерриге а дара цара гайтинчу программи юкъахь. Цигахь массеран а дог Iовжийна сурт дара, ДЦП цамгар йолчу кIанта хIоттийна номер. Йиш лакхалуш вацара иза, гитара кара а белла, гIанта тIе охьахаийра иза. «Нана» йиш лакха йолийра фонограммица. Дешнаш боккха чулацам болуш дара, кIанта шен нене бала балхор дара цигахь дуьйцуш. Хеталора, оцу кIентан дагахь дерг схьахезаш санна. Хаддаза тIараш деттара хьовсархоша. Шена тIараш деттачу хенахь кхийтира иза, шега хьоьжучеран самукъадаьлла хиларх. Гуттар а гIадваханера иза. Иштта, Старопромысловски кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан бераша эшаршца а, хелхаршца а самукъадаьккхира заьIап берийн.
Берашна лерина доккха совгIат цхьаьнакхетаран чаккхенехь гайта лерина хиллера. ЗаьIап берашна хазахетийта цига жухарг (клоун) кхайкхинера. Иза гучуволушшехь т1араш а детташ тIеийцира бераша шайн «хьаша». Жухарга тайп-тайпанчу номершца самукъадаьккхира берийн. Церан яххьаш серлаевллера. Иштта чеккхделира цхьаьнакхетар.
Туьшан директора Абдулаева Зинас даггара баркалла элира цхьаьнакхетарехь дакъа мел лаьцначарна.
З.ХАСИЕВА
№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо