Шайх лаьцна хастаме дош ала догIуш дика нах хIора а юьртахь хир бу. Тхан юьртахь, Хьалха-Мартан кIоштарчу Олхазар-КIотарахь а, кIезиг бац ишттанаш. Царах цхьаъ ву шен дерриге а дахарца тIаьхьенна дика масал хилла вехаш волу Сулейманов Сайди.
Иза ца вевзаш, цуьнан сий-ларам ца беш стаг вац юьртахь. Оцу сий-лараме Сайди кхаьчна хьанал-хьарам къастош хиларца, адамаш дукхадезаш, церан хьашт-дезаршка хьажар дезаш хиларца, тешаме хиларца.
Ша пхийттара ваьлчахьана дуьйна ламаз-марха чIогIа лардеш лелаш ву тхан юьртахо. Советийн Iедал долчу хенахь, Iедалан хьадалчаша бусалба дин бахьанехь дукха кхерамаш тийсина цунна. Цкъа КГБ-н гIуллакххоша тIе а кхайкхина, аьлла хилла цуьнга: «Накъост, оха набахтехь вахкор ву хьо, нагахь санна ахь къоначарна Iадаташ, гIиллакхаш хьехар а, бусалба дин а ца дитахь…», – аьлла. Амма, шена иштта кхерам теснера аьлла, ша юьхьарлаьцначу некъа тIера дIа ца хьаьвзина Сайди.
Иза хаьа воккхачунна а, жимачунна а. Царна иштта хаьа юьртахь хуьлучу диканехь а, вуонехь а цо жигара дакъалоций. Юьрта хи далочохь а, некъаш тодечохь а хуьлуш ву иза. Цуьнан къинхьегаман хазна, къинхьегаман дакъа юкъахь доцуш цхьа а хIума дац юьртахь. Кешнашкара къух дIадоккхучохь, некъийн йистош цIанъечохь – массанхьа а хаало С.Сулейманов.
Цкъа а, цхьанна а ца гина иза нахаца шога, кIоршаме, даима а кIеда-мерза ву. Диканиг де, вуониг ма де олуш ву. Цундела массара а: «Сайди дика стаг ву, и вацахьара йиш яцара олу».
СУЛТАНОВА Мадина
№129, шинара, гIуран (декабрь) беттан 6-гIа де, 2016 шо