Гуьйренан аренийн белхаш дIабахьарехь декхна деанчу хIора а дийнах эвсараллица пайдаоьцу Теркан кIоштан латталелорхоша. Бахамашкахь дерриге а до оханаш дар а, хIу дIадер а дикалла ларъярца чекхдаккхархьама. Агротехникин лехамашца а догIуш, гурахь динчу оханаша таро хуьлуьйтур ю лаьттан тIуналла дIаIалашъярехь. Иза дика кхетадо аренашлелорхоша.

Цхьабакъду, юкъ-кара хийцалучу Iаламан хьелаша наггахь новкъарлонаш кхуллу белхаш дIабахьарна. ТIедогIучу 2017-чу шарна латта кечдарехь дика кхиамаш бу теркахойн.
Тахана кIоштан бахамашкахь юьртабахаман говзанчаша бинчу хаамца аьхна даьлла 25 эзар гектар майданахь латта. Оцу декъехула берриге а бахамаша шайгара дика масал гойту. ТIаьххье шайн болх дIахьо хIутосургаша а. Таханлерчу дийнахь 16 эзар гектар сов майданахь гуьйренан культураш дIайийна. Ша аьлча, 15 эзар сов гектара тIехь кIа а, 9 эзар гектар гергга майданахь мукх а, 3 эзар гектар гергга майданахь рапс а дIайийна бевлла.
ЖАПАРОВ Хизир
№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо