Соьлжа-ГIалахь 25-чу июнехь полицин патрульно-постовой службин Нохчийн Республикин хьалхарчу Президентан, Россин Турпалхочун Кадыров Ахьмад-Хьаьжин цIарах йолчу полкан итт шо кхачарна лерина даздарш дIадаьхьира.
Цигахь дакъалоцуш вара Нохчийн Республикин Куьйгалхо, Россин Турпалхо Кадыров Рамзан, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин куьйгалхо Даудов Мохьмад, Нохчийн Республикин Парламентан председатель Абдурахманов Дукхуваха, Республикин чоьхьарчу гIуллакхийн министр Алханов Руслан.
Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира, полк кхоьлличхьана цуьнан бІаьхалла шаьш даима а дикачу агIор гайтина хилар. Шайна хьалха хIоттийна Iалашо мел хала а, кхераме елахь а, цара иза, къонахалла а гойтуш, кхочушйо. «Тахана вайн республика маьршачу новкъахь, кхуьуш хиларца ткъа а аш доккха дакъа дуьллу. Шун доьналла а, майралла а бахьана долуш кхиамца дуккха а леррина операцеш дIаяьхьна. Оцу операцешкахь схьа а лаьцна, хIаллак а вина 1600 зуламхо. Полкан дуккха а бІаьхошна, шайн балха тIехь майралла а, доьналла а гайтарна мехкан лаккхара совгIаташ дина (кхелхинчул тIаьхьа). Къаьсттина билгалваккха лаьа полкан командир, Россин Турпалхо, Къонахаллин орденан кхузза кавалер Усмаев ВахIид. Иза шен болх безаш, бевзаш, шен халкъан патриот ву. Полкан цу кепара кхиамаш хилар В.Усмаев бахьана долуш бу», – элира Р.Кадыровс.
Цул тIахьа Нохчийн Республикин Куьйгалхочо билгалдаьккхира оцу полкехь, шайн декхарш кхочушдеш, кхелхинчеран доьзалшна (хІоранна) бІе эзар сом лург хилар.
Шайн белхан гIуллакхаш дика кхочушдеш волчу бІаьхошна совгIаташ дира. Къаьсттина билгалдаккха догIу, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Указца полкан командиран заместительна Закриев Iийсана Кадыровн цІарах орден елла хилар. Россин Президентан Указца ялханна Къонахаллин орденаш елира. Иштта кхин пхеанна «За отвагу» мидалш а елира.
Даздарш дерзош полкан белхахоша гайтира шайн тIеман говзалла. Цаьрга хьаьжча, гуш дара уьш шайн мехкан бахархой ларбан кийча хилар. Полк кхоьллинчул тIаьхьа ши эзар гергга йоккха леррина операци дIаяьхьна, 1150 зуламхо хIаллаквина, 43 зуламхо лаьцна. Шайна тIедехкина декхарш кхочушдеш, полкан 144 бІаьхо кхелхина, 327-на чевнаш йина. Къонахалла а, майралла а гайтарна полковникна, полкан командирна, Усмаев Вах1идана а, полкан бІаьхочунна Исмаилов Муслимна а (кхелхинчул тIаьхьа) Россин Турпалхочун цIе тиллира. Къонахаллин орденаш елира 63 бІаьхочунна (царех 31-нна кхелхинчул тIаьхьа), 24 стагана Кадыровн цІарах орден елира (царех пхеанна кхелхинчул тIаьхьа).
А.АБДУЛАЕВ