«Ахмат» каталонхойн махка а кхечи

ХIокху деношкахь, республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедиллар кхочушдеш, Россин Федерацин Пенсионни фондан Нохчийн Республикехула йолчу Отделенин куьйгалхо, республикин Кикбоксингехула йолчу федерацин президент Ахмадов Мохьмад-Эми Каталонин (Испаница шен суверенитет къуьйсуш йолу регион) пачхье йолчу Барселонехь цхьаьнакхийтира тайхойн боксехула дуьненан дукхазза а чемпион волчу Кишенко Артураца.

Цигахь дийцаре дира Европехь кикбоксинган «Ахмат» клубан цIе йовзийтарехь цхьаьна болх баран хьокъехь долу гIуллакхаш. Кишенко Артурана хетарехь, оцу клубан цIе Европехь йовзийтина ца Iаш, Азехь а йовзийтича дика хир дара. Цул сов, цо билгалдаьккхира нохчийн спортсменаш кечбарехь дакъалаца а, шен зала чохь хIора а баттахь цаьрга тренировкаш яйта а, Европерчу мехкашкахь а, Чинехь а царна лерина къийсадаларш вовшахтоха а, «Ахмат» клубехь мастер-классаш дIаяхьа а ша реза хилар.

Иштта М.-Э.Ахмадовс а, А.Кишенкос а дийцаре дира Барселонехь кикбоксинган «Ахмат» клубан филиал схьаелларан хьокъехь долу гIуллакх а. Цхьаьнакхетаран чаккхенехь цу шимма филиалана лерина зал хаьржира.

– Республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана боккха тидам латтабо нохчийн спортсменаш тIехь. Уьш кхиийтаран Iалашонца, царна тоьлла хьелаш кхуллу. Дуьненаюкъарчу хIордан бердаца хир йолу кикбоксинган «Ахмат» клубан зал Нохчийчуьрчу а, Россерчу а кикбоксингана рогIера совгIат ду, – элира Ахмадов Мохьмад-Эмис.

Дагадаийтар: Кишенко Артур тайхойн боксехула а, кикбоксингехула а дукхазза а Европин а, дуьненан а чемпион ву.

И.ИСЛАМОВ

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: