Иштта цIе яра Соьлжа-ГIаларчу А.Айдамировн цIарахчу Къоман библиотекехь Кегийрхойн юкъараллин-политикин «Ахмат» организацис РаббиIул-Аввал баттана лерина вовшахтоьхначу интеллектан ловзаран.
Жюрин декъашхошна юкъахь вара Соьлжа-ГIалин мэран заместитель, кегийрхойн юкъараллин-политикин «Ахмат» организацин председателан декхарш кхочушдеш волу Х.Хаджимурадов, Нохчийчоьнан кегийрхойн гIуллакхашкахула волчу министран гIоьнча Д.Абдулвагапов, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаментан говзанчаш-эксперташ А.Мурадов а, И.Банкуров а.
Юьххьехь жюрин декъашхоша довзийтира РаббиIул-Аввал беттан дозалла, Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу батта чохь дуьнен чу ваьлла хилар.
Конкурсехь дакъалоцуш: «Иман», «Путин», «Кегийрхойн парламент», «Вита», «Нохчийчоьнан патриоташ» юкъараллин организацийн векалш бара. Иза 6 муьрах лаьтташ яра. Ерриге а тобанаша дика хаарш гайтира оцу муьрашкахь.
Тоьлла тоба билгалъелира 6-чу (тIаьххьарлерчу) муьрехь, тобанийн капитанашна юкъахь дIабаьхьначу къовсамехь. Иза юкъараллин «Иман» организацин тоба яра. Толамхой билгалбехира уггаре а дезачу совгIаташца – Къуръанашца. ШолгIа меттиг «Кегийрхойн парламентан» тобано яьккхира, кхоалгIаниг – «Вита» тобано. Уьш а билгалбехира дипломашца а, совгIаташца а.
Интеллектан ловзар дерзош, Х.Хаджимурадовс элира: «ХIара тайпа гIуллакхаш дIадахьар мехала ду вайн юкъараллина. Таханлерчу дийнахь хIокху кегийчу нахана а, зудаберашна а Мухьаммад Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) дахар дика девзаш хилар Iаламат мехала ду. Дала совдохийла шу шайн хаарш тIехь. Дала тIаьхье беркате йойла».
Хь.БАХТАЕВА
№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо