Куьйгаэшарца йиш локхуш тоба хуьлий а ца хаьара суна, дукха хан йоццуш, цхьана концертехь куьйгаэшарийн «Ирс» тобано йиш локхуш гичий бен. Дешнашца дIалокхучу эшарца (фонограмма) тобанан дакъалацархой куьйгаэшаршца йиш лакха хIиттира. Ерриге а зал цецъяьккхира цара. ТIаьхьуо, куьйгаш а детташ, баккхийберца, хьалагIевтира хьовсархой. Тоба вовшахтохарх лаьцна дийцар а, ца бевзачарна уьш бовзийтар а дийхира оха оцу тобанан куьйгалхочуьнга Чучаева Зураэ.
«Лерса доцчу а, ледара долчу а берийн Соьлжа-ГIаларчу школа-интернате балха 2007-чу шарахь еара со. ХIетахь суо кхечу дуьнен чу кхаьчча санна хийтира суна. Иза иштта дан а дара. Баккъал а, лерса доцчеран а, ледара долчеран а дуьне кхин ду, вайн дуьненах тера а доцуш. Шатайпанчу хьежамашца а, лаамашца а, сатийсамашца а беха уьш. Куьйгаэшарийн мотт Iама генахь дара суна. Дуккха а къахьега дезара. Кхетош-кхиорхо хIоттийра со. Суна даггара лиира оцу башха дуьне а, церан дуьненан къайленаш а йовза, оцу берашца гергарло лелон. Амма мотт хуучу адамаца гергарло тасар санна атта дацара ас дагалаьцнарг. Иза цхьана дийнахь хиндоцург дара. Суна кIезиг хан ца ийшира церан мотт Iамо а, оцу берашца юкъаметтиг лаха а, церан даг тIе боьду некъ каро а. Цхьана шарахь бира ас кхетош-кхиорхочун болх. Оцу балхаца цхьаьна мокъа йогIу хан куьйгаэшарийн мотт Iамош йоккхура. Бакъду, цхьана хIуманах кхийтира со: боккха лаам а, собар а доцчуьнга и мотт Iамалур бац. Лаам чIогIа хиларца доьзна хир дара суна иза Iамар а. Нийсса цхьа шо даьлча со хьехархо хIоттийра. Эццахь, церан дуьненахь айса а цхьа меттиг дIалаьцча санна хийтира суна. Хьалхачул а алссам хан йоккхура ас цаьрца, царна хьехарал сов, вовшашца чIогIа гергарло лелон а дуьйладелира тхо. Цхьана шарахь кхетош-кхиорхочун болх бечу хенахь цаьрца сайн юкъаметтиг хиллехь а, суна и бераш дикка девзина ца хиллера. Цхьа шо а тоьарг ца хиллера уьш довза, церан дагахь дерг хаа. Вайн дуьненахь хуьлу харцонаш, адамийн вовшашца хуьлу хьагI-гамо – цаьрца яц. Церан цIена дегнаш а, цIена ойланаш а, кхечу адамийн дагахь вуон ойла хилар тIе ца дуьту бIаьргаш а – оцу дерригено а вуон мел дерг дицдора. Адаман лерса дац аьлча, вайна-м ишттачу адамехь цхьа а говзалла яц моьтту. Мелхуо а, ишттачаьргахь цхьа шатайпа похIма хуьлуш хиллера.
Бераша куьйгаэшаршца йиш локхуш къаьсттина тидам бора ас. Суна чIогIа хаза а хетара. Цигахь хьехархочун а, талмажхочун а болх беш яра Габаева Амина. Куьйгаэшаршца йиш лакха Iамабора цо школа-интернатера дешархой. Хийлазза, цара йиш локхуш хьажа йоьдура. Школа-интернатехь, массарна а аьлча санна, хаьара суна церан эшарш хазахетийла. Цунна лерина кружок схьайиллира. Уьш сох тешна хиллехь а, со сайх ца тешара. Сайна тIедиллинарг доккха дукъ тарделлера суна. ХIетахь школа-интернатан кхетош-кхиоран декъехула заведующи йолчу Хашумова Iайшата (карарчу хенахь школа-интернатан директор ю иза) гIо дира суна. «Дерриге а дика хир ду, шун тобано шайн хьуьнарца нах а цецбохур бу», – бохуш, дог айдора цо сан. Амма бераш шаьш говза ца хиллехь, тахана «Ирс» тоба а хир яцара. Дуьххьара оха кеч а йина дIалекхнарг «Маленькая страна» йиш яра. Куьйгаэшаршца берашна цхьа йиш лакха Iамо а дукха хан оьшу. «Маленькая страна» йиш лакха цхьана баттахь Iемира царна. Иштта, кхоллараллин цхьана суьйренехь школа-интернатан сцени тIехь «Ирс» тобано дуьххьара йиш лекхира. Хьовсархошна а, школин куьйгаллина а дика хийтира. ХIетахь дуьйна, тхайн ницкъех теша а тешна, дуьйладелира тхо Соьлжа-ГIалахь а, вайн республикехь а, кхечу гIаланашкахь а дIахьочу концерташкахь а, фестивалашкахь а, кхоллараллин суьйренашкахь а дакъалаца. ХIоразза а тхоьга довха дешнаш олурш кIезиг ца хуьлу. ТIаккха кхидIа а болх бан дог догIу тхан».
Зураа оцу тобанца болх бен 9 шо хан ю.
«Лерса доцчу а, ледара долчу а берашца болх бан атта дац. Школа-интернатехь болх бан йолаеллачу хьалхарчу дийнахь дуьйна цаьрца йолу уьйр-марзо денна а чIагIлора, уьш гергара хетара суна. ТIаккха суна муха хетар дац тхаьш цхьа доьзал санна?! Оцо суна ницкъ ло цаьрца собаре хила. Цхьаболчара олу, ишттачу берашца болх бан доьналла оьшу. Уггаре а коьртаниг – и бераш дукхадезар ду. Иштта хилахь, дерриге а дика хир ду.
… ДагадогIу суна, «Ирс» тоба концерташкахь дакъалаца йолаелла хан яра иза, тхо кхайкхинчу меттехь тхоьга хIоразза а хоттура, маса микрофон оьшур ю, «минусовка» юй иза, олий. Куьйгаэшаршца йиш локхуш микрофонаш ца оьшу аьлча, «Куьйгашца йиш муха локху?», – бохуш, цецбийларца юх-юха а хаттарш дора. Дукхахболчарна хIетахь йиш иштта лакхалуш хуьлий а ца хаьара», – дийцира цо.
2010-чу шарахь «Ирс» тобано дуьххьара дакъалецира йоккхачу фестивалехь. Москвахь дIаяьхьна йолу куьйгаэшарехь йиш лакхаран «Душа поет» фестиваль яра иза. 2011–2013-чуй шерашкахь Санкт-Петербургехь дIаяьхьна хиллачу заьIап берийн «Шаг навстречу» цIе йолчу фестивалехь дакъалецира тобано. Дуккха а регионашкарчу бераша дакъалоцучу оцу фестивалехь хIоразза а шаьш дикачу агIор гойтура тобанан дакъалацархоша. Фестивалан лауреаташ а хилира царах.
«Республикехь дIахьочу концерташкахь дакъалаца кхойкху тхо. Амма кест-кеста тоба кхочург Соьлжа-ГIалара реабилитаци яран республикин туш ю. Соьга хаьттича, цигахь реабилитаци еш долчу берашна эшарш лакхарца баккъал а ирс дохьу «Ирс» тобано». Зураъ хIинца Соьлжа-ГIаларчу берашна реабилитаци яран республикин туьшехь логопед ю. Цигахь ша болх бина яьлча школа-интернатехь йолчу кружоке дIаяха сихло иза.
З.ХАСИЕВА
№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо