Ша а ю иза беркате

Дахарехь тайп-тайпана адамаш довзар нисло вайна, иштта кхидIа цаьрца гергарло лелор а, ткъа цхьаболчаьрца къаьсттина шатайпа юкъаметтиг а хуьлу. Дика адамаш довзар-м нисло вайна, делахь а, цхьадолу адам шеца беркат дохьуш кхочу вайн дахаре. Иштта, шена гуонахарчу адамийн бIаьргаш дело а, гIийлачу буоберийн дог хьаста а, адамашна беркате ю ала а мегар ду Исапаева Мадина. Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан директор ю иза. Адамаш вайна ма-хаъара, тайп-тайпана ду. Дала шена деллачун хама беш дехачу адамех цхьаъ ю Мадина. Шен дахар атта ца хилла цуьнан, амма, цкъа а адамашна ша йоьхна гайтина яц иза. Цуьнан дахарх а, белхан некъах а дийца лаам хиларца дукха хан йоццуш цуьнгара интервью ийцира оха.

2016-12-08-PHOTO-00000114

– Мадина, берийн дахарца хьайн дахар доза лаам муха кхоллабелира хьан дуьххьара?

– Уггаре а хьалха, берашца болх бар – иза бераш суна дукхадезаш хиларан бахьана ду. ДагадогIу суна, аьхкенан каникулшкахь (со кхиъна йогIу хан яра иза), волонтер йолуш, «Долински» поселкерчу берийн бешахь «няня» яра со. Тхан доьзал жима бацара. Цхьа кIант, 4 йоI дара доьзалехь. Тхо кхаба гIерташ, хаддаза къахьоьгура дас-нанас. Да заводехь сменашкахь болх беш вара, нана а шинхьа балхахь яра. Со жимах йолчу йишица (цуьнан хIетахь 3 бутт бен бацара) чохь Iара. Суо жима елахь а, жимах йолчу йоIе хьажа езаш яра. Суна хаьара ден-ненан болх ца бича йиш йоцийла, уьш тхайн дуьхьа къахьоьгуш буйла. Жимах йолчу йишига сайн ницкъ ма-кхоччу, лерина хьожура со. Юьхьанца мелла а кхоьрура амма жим-жима Iемира. Школехь доьшучу хенахь дуьйна а яра со вокалан а, хелхарийн а кружокашкахь Iемаш. Куьйгашца белхаш беш гуттар а хазахетара суна. Иштта, бедарш тегаран кружоке а йоьдура со, адамийн суьрташ дохкуш самукъа а долара. 1991-чу шарахь нохчийн меттан хьехархочун балха яхара. Берашна хьехарал сов, кхоллараллин декъехула конкурсаш а, суьйренаш дIаяхьар а, вуьшта аьлча, цаьрца кхоллараллин болх бар дара суна гергара. 2002-чу шарахь Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан директор хIоттийра со. ХIетахь дуьйна цигахь болх беш ю. Белхахой а, бераш а, церан дай-наной а боккха цхьа доьзал санна хилийта лаам бара сан юьхьанца дуьйна а. Сан лаам кхочуш а хилира. Ас куьйгалла дечу Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш 2 157 бер ду. Денна а и терахь алсамдолуш а ду. Вайн республикехь Берийн кхоллараллин цIеношна юкъахь дIахьош йолу цхьа а конкурс ца хуьлу, оха дакъа ца лоцуш а, цигахь хьалхара меттиг ца яккхахь а, совгIатан меттиг ца йоккхуш а. Иза, уггаре а хьалха, бераш похIма долуш, кхоллараллин декъехула кхиа лууш хиларан билгало ю аьлла хета суна.

– Дукха хан юй Берийн кхоллараллин цIа болх беш долу?

– Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIа – шен хене хьаьжча, Соьлжа-ГIалахь йолчу кхитIе а дешаран учрежденех уггаре а къонаниг ю ала мегар ду. Йоццачу хенахь дуккха а бераш вовшахтоха ларийна и цIа. Берийн 30 цхьаьнакхетаралла кхоьллина. Царна юкъахь долу бераш 6 шарера 18 шаре кхаччалц хенаш ерш ду, дукхах дерш 10 шарера 14 шаре кхаччалц. Тайп-тайпанчу кружокашкахь Iемаш долчу бераша дакъалоцу театральни гайтамашкахь концерташкахь, республикин а, гIалин а фестивалашкахь, конкурсашкахь. Берийн кхоллараллин цIийнан декхаршна юкъадогIу: берийн хьекъал кхиор, могаш Iер-дахар царна марздар, харц новкъа бовларх уьш ларбар. Берашна хьоьхуш бу шайн болх бевзаш болу, зеделларг долу хьехархой. Царна юкъахь Нохчийн Республикин халкъан артисташ а, хьакъболу артисташ а, искусствийн гIуллакххой а, Россин Федерацин дешаран сийлахь белхахой а бу. Берриге а хьехархой шаьш Iамочу хIора берах дог лозуш, шайна хуург царна Iамо гIерташ къахьоьгуш бу. Царах цхьаболчийн цIерш яха луур дара суна. Уьш бу: М.Орсханова, М.Тахаев, М.Масиханова, Л.Солтаханова, А.Делиева, А.Мадаева, Р.Махтемерзаева, кхиберш.

– Хууш ма-хиллара, вайн заманахь берийн а, кхиазхойн а ловзарш компьютершца а, планшеташца а, телефонашца а ду. Цара дицдина хьалха шайн дай-наной левзина хилла ловзарш. Ахь хIун эр дара цунах лаьцна?

– Бакъдерг бакъ хила деза. Иза долуш дерг ду. Цаьрга марзделла вайн бераш. Царах пайдаэца хуучарна вуно дика ю уьш, амма адамийн могашаллина иэшам бийриг а кIезиг дац цаьрца. Цул сов, берийн психика галъяккхарна кхерам бу цара. Цундела, дай-наноша дукха лерина тидам бан беза берийн, церан Iуналла дан деза. Телефонашца а, компьютершца хан кIеззиг бен яккхийта ца еза. И саннарг ца хилийта, цара йоккху хан тайп-тайпанчу кружокашкахь яккхийтича и бер дикачу агIор кхуьур ду аьлла хета суна. Дай-наношна я берашца болх бечара хьехчий бен царна девзийла яц хьалхалера ловзарш.

2016-12-08-PHOTO-00000107

– Шу долчохь Iемаш долчу берийн шайн идейш хуьлий?

– Ас хьалха ма-аллара, вайн бераш говза куьйгаш долуш ду. Шайн хене хьаьжна а доцуш, говза йо цара тайнигаш, иштта дика суьрташ а дохку. Цара бина белхаш эрна ца бов. Берийн куьйгийн белхийн ярмарка йо оха. Цунах даьккхинчу соьмах (иза кIезиг бен дацахь а) Соьлжа-ГIаларчу цхьадолчу заьIап берашна книгаш а, сувенираш а, тайнигаш а оьцу. Оцу гIиллакхо къинхетаме хила Iамадо бераш. Кхузахь Iемаш долу бераш гуттар а къинхетаме, дог цIена, адамашна диканиг лууш ду. Оцу берийн лаамца арабоккху оха и йоле болу некь.

– Мукъачу хенахь хьайн дагна хьаам хуьлуш дерг лоху хир ду ахь. Дийцахьа цунах лаций.

– Сайн мукъа хан хилча, иза Берийн кхоллараллин цIийнехь Iемаш долчу берашца яккха ойла хуьлу сан. Соьлжа-ГIаларчу садаIаран паркашка кхочу тхо. Аьхкенан муьрехь пикникаш а йо оха. Берийн чIогIа сfмукъадолу царах. Цкъацкъа, бераша кружокехь туьтешца болх беш гича, цаьрца уьш ян а хуу со. Берийн дегнаш цхьа тамашийна, цIена а, дуьнене хьежамаш а шатайпа болуш хуьлу. «Дуьненан зезагаш» эрна аьлла ма дац царах. Цаьрца йоккхучу минотехь айса сица садоIу ас.

– Муьлхачу конкурсашкахь дакъалоцу аш Iамочу бераша?

– Тхан дукхах болу кхиазхой ерригроссин а, регионан а, гIалин а гайтамийн, фестивалийн, конкурсийн лауреаташ хилла. Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствос а, Соьлжа-ГIалин Мэрин дешаран департаменто а хIора шарахь билгалдоху кхузахь Iемаш долу бераш. Иштта, суна билгалдаккха луур дара, къаьмнашна юкъахь дIаяьхьначу «Голос.Дети» проектехь дакъалаьцна а, цигахь 2-гIа меттиг яьккхина а йолу Асланбекова Раяна а Ленински кIоштан Берийн кхоллараллин цIийнан кхиархо хилла хилар. Тхуна иза дозалла а, юьхькIам а бу.

– Ахь цкъа мацах хаьржина говзалла тахана юха харжа хьайн йиш хилча, кхечу корматаллица иза хийцалур ярий хьоьга?

– Цу хIуманна ас цкъа а ойла йина а яц. Тхан дас-нанас адамашца дика а, мерза а, къинхетаме а хила Iамийна со а, сан ваша а, йижарий а. Цара сайна Iамийнарг тахана кхоллараллин цIийнехь Iемаш долчу берашна дIакховдо болчу лаамца еха со.

Берашна даима а елаелла-екхаелла йолу Мадина цкъа а гIайгIане ца го цхьанна а. Адамашца бийца мотт каро а, юкъаметтиг лаха а хаьа цунна. 2014-чу шарахь кхелхира цуьнан хIусамда. Да а воцуш ши кIант кхиош ю нана. Цаьрга дешийта а, уьш харц новкъа бовларна кхоьруш а гуттар цаьрца къахьоьгу цо. Цунна лаьа, гIиллакх-оьздангаллица уьш шена а, нахана а пайдехь кхуьийла.

Интервью дIаяьхьнарг – З.ЛОРСАНОВА

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: