Бусалбанаша шаьш сацийча бен соцур бац тIом

Шема. Къизалла, тIом, къелла… хьахийначу меттехь йоккхуш ю тIаьхьарчу шина-кхаа шарахь оцу пачхьалкхан цIе. Денна бойъуш маьрша бусалба нах бу цигахь. Йохош, саьлнашка ерзош ю гIаланаш, ярташ. ТIамах уьдуш, бIаьрга сара кхетча санна хьийзаш бу зударий, бераш, къаной. Сийначу цIарца йогуш ю Шема. Вовшах леташ, вовшийн хIаллакбеш берш, вовшашца тIемаш беш берш шаьш бусалба бу бохуш берш бу. Ткъа царна юкъахь питанаш даржош, уьш вовшийн коча туьйсуш берш, стим туьйсуш берш керстанаш бу. Бусалбанех цкъа а дог лезна а я лозур долуш а бац уьш. И цхьа бакъдерг тоьур дара хуьлуш долчун маьIна даккха, цунах кхета. Тоьар дара тIемаш бечарна герз охьадилла, ойла ян хан елча. Ойла ян, хьесап дан уьш «арахьарчу вежарша» битича. Ца буьту. Я буьтур а бац, шайн ницкъ а кхочуш.

0119ea3-91

Вай Iамаркан цIе кест-кеста яхахь а, еккъа цхьа Iамарк хилла ца Iа «Иблисан пачхьалкхерчу» террористашна герзашца, духаршца, кхачанца, ахчанца – оьшуш мел долчуьнца кхачоеш. Къайлах а, къулах а царна гIо деш ю Европера цхьамогIа пачхьалкхаш. Дала мукъ лахь, хан-заманца царна марах дер ду иза. «Джихадисташ» хьерабохуш берш, харц новкъа бохуш берш, Iехош-тилош берш оцу пачхьалкхийн лерринчу службаша кечбина, бусалба динах адамийн дог даккха Iамийна, оцу лерринчу службашна бохкабелла нах бу. Аьлча а, церан жIаьлеш ду-кх. Цара хье бакъийна, кхетам дIаэцна долу.

Тхьамданаш ду шаьш, гIазот даккха, бусалба дин цIандан арадевлла ду бохуш, кхайкхамаш беш дуьненан массо а маьIIехь шайн хьадалчаш болуш иблисан бIо бу иза. Минот дIаялале корта хьовзабо цара шайга ладугIуш болчеран (Делан неIалт хиларг, боккха ницкъ болуш ма ду и шайтIа). Цуьнан гIоьнца бен далур а ма дац и санна дерг. Хаза, говза дуьйций, кегийрхойн хье дIаоьцу цара. ТIаккха уьш Шема дIахьовду, хIаллакьхила, дакъазабовла. Цара тIеюзуш ца хилча тоххарехь кхачийна хир яра «Иблисан пачхьалкхера» гIеранаш. И ца хилийта дерриге а дуьненахь а дIахьош бу кегийрхой, мехкарий Iехоран болх. Россин кхийолу регионаш санна Нохчийчоь а яра оцу шайтIанан лазаран хьу хьакхаелла. Интернетан, хаамийн электронни кхечу гIирсийн гIоьнца лоьхура цара шайн «хьехамех», аьшпех, Iесаллех тешаш берш, шайца ойла йогIуш берш, шайца зIенаш хила лууш берш.

Амма, Делан къинхетамца, «Иблисан пачхьалкхан» хьадалчийн-идеологийн мекарлонаш, харц хьехамаш гучабаха Нохчийчохь дуккха а Iеламнах а бу, республикин доладан гуьнахь долуш куьйгалхой а бу, шайна коьртехь Кадыров Рамзан а волуш, кхерамазаллина юьззина кхачо ян ницкъ кхочуш бакъонаш ларъяран органаш а ю. Церан юкъарчу, бертахьчу балхо таро ло террористашна а, экстремисташна а дуьхьало йина ца Iаш, хьокъала боллу къийсам дIабахьа. Ма-дарра аьлча, шайтIанан лазаран хьу Нохчийчуьра дIаяккха.

Халахеташ делахь а, иштта хьал дац Россин кхечу регионашкахь. Къилбаседа Кавказерчу къаьмнийн республикашкахь терроризмана дуьхьал дIахьош болу къийсам тIеттIа чIагIбеш белахь а, оцу декъехь гулдинчу зеделлачо белхан эвсаралла лакхайоккхуш елахь а, изза хьал ду ала йиш яц. Цундела тIаьхьарчу хенахь цигахь гучуйовлу террористийн тайп-тайпана тобанаш, организацеш, ячейкаш. Цхьадика, леррина службаш сема хилар бахьана долуш, чекх ца йовлу церан зуламе Iалашонаш.

Террористаш а, экстремисташ а, церан хьадалчаш-идеологаш а Россехь долу юкъараллин-политикин хьал карзахдаккха, бусалба дине цабезам кхолла, оцу цIеначу динах дог даккха схьахьежош ерш уьш кечбина, хьерабаьхна йолу леррина йолу службаш ю. Иза оцу пачхьалкхийн куьйгалхоша къобалдарца лелош а ду. Шемахь хIуьттуш долчу хьелаша иза билггал иштта хилар тIе а чIагIдо.

Алеппо а, кхечу шахьаршкахь а болчу террористашна Шемин Iедалан эскарша ондда тохарш дан долийча, уьш гатбина хьовзийча США-с а, Великобританис а, Францис а, Германис а йоккха гIовгIа оьккхуьйту Шемахь йоккха къизалла лелайо, цхьана ханна мукъане а тIом сацо беза, дийцарш дан хьовса деза, олий. Иштта, тIаьхьарчу деношкахь Аллепо шахьарара «Иблисан пачхьалкхан» а «Джабхат-ан-Нусрин» а террористаш гатбина хьовзийна Iедалан эскарша. Цаьргара схьайохуш ю оцу гIалин малхбалехьара кIошташ. Эша буьйлабеллачу зуламхойн барт боьхна. Уьш кест-кеста вовшашна герзаш детта а, кадаьлларг вада а воьлла. Баккъал а терроризмана а, экстремизмана а дуьхьал къийсам дIахьош хилча оцу хьолах воккхавеван везара. Ницкъ ма кхоччу Шемин Президентана Башар Асадана гIолаца хьажа везара. И даран метта США-н а, Великобританин а, Францин а, Германин а куьйгалхой юха а мохь-цIогIа хьекха буьйлабелла Алеппохь гуманитарни кризис хIоьттина, цигахь маьрша нах къиза хьийзош бу, цаьргахь латтош Iазап ду, тIом сацон беза, бохуш.

Маьршачу бахархойх къахеташ беш бац и кхайкхамаш. ТIаьхьарчу хенахь террористашка дIакхочуш дац оцу а, кхечу а пачхьалкхаша къайлах-къулах дохьуьйтуш долу герзаш. Цара дахьийтинарш а Россин тIеман-космосан ницкъаша ондда тохарш дина дохийна, хIаллакдина дIадаьхна. Цундела тIеман соцунгIа а, некъаш дIадастар а оьшу Малхбузенна. И дича, кхул хьалха а санна, герзашца а, тIеман техникица а террористашна гIо дан аьтто бер бу церан. Царах къахеташ деш а, дина а, дийр долуш а дац иза. Малхбузенна, США-на лаххара а ши пайда хуьлу цунах, кхидерг ца хьехийча а.

Цкъа-делахь (царна гергахь иза уггаре а коьрта а ду), тIемашкахь алссам бусалбанаш хIаллакьхир бу. Шина а агIорнаш шаьш бусалба ду бохуш ма бу, террористаш а, экстремисташ а Делан цIеначу некъа тIера оццу малхбузенан идеологаша дIахьовзийна, хIаллакьхиларе буьгуш белахь а. Царна юкъахь кIезиг ма бац шаьш баккъал а гIазот доккхуш ду моьттуш Iехабелларш.

ШолгIа-делахь, тIом бахбалар Малхбузенан хьашташна, уггаре а хьалха, экономикин хьашташна жоп луш ду. ТIом бах мел бели а, герзаш дохкар алсамдер ду. Иза алсам мел дели а пайданийн терза дазлур ду. Делахь-хIета, Малхбузерчу хьоладайшна а, царах бозуш болчу, царах «бекхаш» болчу политикашна а ца лаьа, террористаш а, экстремисташ а сихха хIаллакбина дIабохийла. Цара оцу зуламдайшна дуьхьал къийсам дIахьош бу бохург дуьненан юкъараллина хьалха хIиттош долу суьрташ а, политикин ловзарш а ду.

Аьлларг тIечIагIдан деккъа цхьа масал далор вай. США-хь президентан харжамел хьалхара компани дIахьочу хенахь Iамарк коьртехь йолчу коалицис Иракъерчу Мосул шахьарахь къизаллаш лелош, маьрша нах Iазапехь латтош болчу террористашна ондда тохарш дан долийра, Иракъан Iедалан эскарш ир-кара а хIиттош. Мосул шахьар царах дIацIанйина йолуш лаьттара. Иштта сурт лаьттира харжамаш чекхбовллалц. Уьш чекхбевлча, Iамаркерчу а, Малхбузерчу а политикаша кхайкхамаш бан болийра: «Мосулехь лелош ерг йоккха къизалла ю. Историн маьIна долу шира шахьар йохийна, аьтта дIайоккхуш ю, маьрша нах хIаллакбеш бу бомбанаш, ракеташ еттар сацо деза, тIом а цхьана муьрана сацо беза», – аьлла. Цул тIаьхьа коалицин ницкъаша «йицйира» Мосул. США-ра харжамаш чекхбевллачул тIаьхьа царна оьшуш яц иза. Цу тIе царна, «демократашна» ца моьттинчу кепара жамIаш хуьлуш чекхбевлла харжамаш. «КIайчу ЦIийнехь» охьахаа кечлуш ву Дональд Трамп. Цо хIун дер ца хууш, ладоьгIуш Iаш ю Малхбузера пачхьалкхаш. Ткъа Великобритани иза «караIаморехь» дан дезачун планаш хIиттош ю.

Мухха делахь а, церан дов гена дер дац, барт хир бу. ХIунда аьлча, хьашташ, лаамаш, сатийсамаш цхьаъ бу церан. Аьлча а, Iамаркан хьашташка хьожжий хийцалуш ду церан хьашташ а. Iамарк а, Малхбузера кхийолу пачхьалкхаш а Герггарчу Малхбалехь, цу юкъахь Мисарахь, Ливехь, Шемахь, СаIудийн Iаравехь, ОвгIанехь, Йеменехь, кхечанхьа болу шайн Iаткъам лахбала лууш яц. Оцу Iалашонца цара говза пайдаоьцу террористийн а, экстремистийн а тайп-тайпанчу боламех. Церан куьйгашца карзахе латтадо регионера хьал. Шаьш лелочун духе ца кхуьуьйтуш, бусалбанашна юкъахь йолчу галморзахаллех, цакхетарех, цкъа мацах хиллачу дегазлонех, мекарлонца пайда а оьцуш, царна юкъахь питанаш даржадо, къийсамийн цIерш летайо. «Чай, борззий вовшахлета ас даьттан гуьмалг юу», – баьхначунна а дайна, шаьш (шайна зен-зулам ца хуьлуш) юьстахлаьтташ, бусалбанийн пачхьалкхашкахь сийна цIерш летайо. Уьш цкъа лахлуш, юха марсайовлуш лаьтташ ю, цкъа а дIа а ца йовш.

Iаьрбийн мехкашкара тIеман цIерш дIаевр а яц дуьненарчу берриге а бусалбанийн цхьа барт ца хилахь, уьш, хуьлуш долчун духе а кхиъна, АллахIан нийсачу некъа тIе ца хIиттахь. Кхолладеллачу хьолан хьесап дан цхьаьна охьаховша беза бусалба пачхьалкхашкара Iеламнах, хьикман дай. Царна хуур ду бусалбанаша еххачу хенахь баккхий баланаш хьегаран бахьанаш. Цара бовзуьйтур бу бусалбанийн бакъ-болу доттагIий а, мостагIий а (уьш дуьне ма-дду ма бу). Оцу Iеламнехан, хьикман дайн межлисан, диванан сацам, ваIда дIаса ца таьIIаш кхочушъяр тIелаца хьекъал тоа деза берриге а бусалбанийн.

Иза дерриге а хилча ма дика хир дара, иштта хир дацара те бохург а, цуьнга сатийсар а ду. Деккъа цхьа сатийсар. Маржа-яI! Тахана а Шемахь а, Иракъехь а дIабоьдуш луьра тIом бу. Сийсаш лаьтташ ОвгIан а, Ливи а ю… ХIаллакьхуьлуш бусалбанаш а бу. Бусалбанаша шаьш ца сацийча совцур бац и тIемаш.

С.ЦАДАЕВ

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: