Дала къайле цIинйойла цуьнан. Кунта-Хьаьжин деда хилла Шовхал. Иза дуьнен чу маца ваьлла а, маца кхелхина а билггал хууш дац. Делахь а, шеко йоццуш бакъдерг ду Шовхал Iаьрбийн ширачу къурайшийн тайпанах стаг хилар. Цуьнан дай масех бIешо хьалха Iаьрбийн махкара Дагестане схьакхелхина. Цигахь вина а, ваьхна а ву иза.

Макка ХьаьжцIа баханчуьра богIуш болу Нохчийчуьра хьаьжой кхетта хилла цкъа Шовхалх. Вовшашца къамеле бевлла уьш. ТIаккха царна хиъна Шовхал къурайшийн тайпанах хилар. Вайн Элча Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) оцу тайпанах хиларна Iаьрбичуьнга безам бахана нохчийн. Шаьш ГIоьрдалара хилар а хоуьйтуш, цара цуьнга чIогIа дехна шайн юьрта дIакхалхахьара хьо аьлла. Дезачу тайпанах волу Iаьрби дукха хан ялале шен доьзалца цхьаьна ГIоьрдала дIакхелхина. Ша велла дIаваллалц царна юкъахь Iийна иза, цара боккха сий-ларам а беш.
КIорггера Iилма долуш, суьпа, оьзда, гIиллакхе стаг хилла Шовхал. Бусалба дин довза лууш долу адамаш тIегIерташ хилла цунна. Царна дукхавезаш хилла иза. Дика-вуонна хьалхавоккхуш хилла. Шайн юьртахь бехаш къурайшийн тайпанах доьзал хиларх дозалла деш хилла.
Шен доьзал а (цуьнан билггал маса доьзалхо хилла хууш дац) ийманехь, гIиллакхе, оьзда кхиийна цо. Кхиъна ваьлча, цуьнан кIант Киши (Кунта-Хьаьжин да) Мелчхе дIакхелхина. Цигахь кIеззиг хан яьккхинчул тIаьхьа, Иласхан-Юьртарчу бусалбанийн дехар кхочушдеш, оцу юьрта дIакхелхина Киши. Ша гIазотехь шехIид хиллалц царна юкъахь ваьхна иза.
Ткъа Шовхал ГIоьрдалара дIаса ца ваьлла. Кхузахь кхелхина иза. ДIавоьллина ГIоьрдаларчу ширачу кешнашка. Тахана а долуш ду и кешнаш. Нохчийчуьра а, Дагестанера а бусалбанаш оьху хIинца а Шовхалан коша тIе хIотта. Гуонаха йина аьчка керт а йолуш ду иза. Хан-заманца кошан барз лахбелла. Чуртана йоьгIна экъа а Iаьржа бос эцна дIахIоьттина.
Iаламан устаз аьлла, цIе яхана волчу Кишин Кунта-Хьаьжин деден Шовхалан боккха сий-ларам бо Нохчийчохь. Цига зерат дан оьху бусалбанаш. Воккхавево царна юкъахь алссам кегийрхой хиларо.
С.ХАСАНОВ
№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо