Маршал-Толамхо

Дерриге а дуьненахь ларамца йоккху Жуков Георгийн цIе. Иза Сийлахь-боккхачу Даймехкан тIеман бIаьхо, бIобаьчча вара. Советийн Союзан доьазза турпалхо, «Маршал-Толамхо» цIе тиллина вара, «Толаман» ши орден яра цунна елла. СССР-н Iедало, кхечу пачхьалкхийн куьйгалхоша цунна дина совгIаташ дагардина а вер вац. Цул сов, халкъана Iаламат дукхавезаш стаг хилла иза. 1955–1957-чуй шерашкахь СССР-н Оборонин министр вара Жуков Георгий.

zhukov_big_250

Калугин областерчу Стрелково юьртахь 1896-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь къехочун доьзалехь дуьнен чу ваьлла иза. Юьртарчу школехь кхо класс чекхъяьккхина кIант ненавашас ша волчу Москва дIавуьгу дабагIдаран говзалла караерзаяйта. Георгийн ненаваша Пилихин Михаил воккха говзанча хилла тIаьрсигаш дарехь а, кетарш тегарехь а. Шийлачу меттехь чIогIа пайден говзалла яра иза, сискал яккха аьтто бийр болуш. Цундела цхьана а кепара дуьхьало йоцуш, резахилира Георгий а оцу балхана Iама. Бераллехь дуьйна хьекъалца, хьуьнарца нийсархошна юкъахь къаьсташ хиллачу кIанта сихха караерзийра тIаьрсиг даран говзалла. ТIаьхьуо кетарш тегарехь кIоштахь цIе йоккхуш говзанча хилира жимачу стагах. Караерзийначу говзаллах тоам ца беш, суьйренан курсашка деша воьду жима стаг. Балхана юкъара ца волуш, масех шарахь доьший, 1912-чу шарахь юккъера школа чекхъяккхаран аттестат схьаоьцу цо. Болх бар хааршца дуцуш къахьоьгучу цуьнан говзалла дикка лакхайолу. 18 шо дузале цIе йоккхуш говза пхьар хуьлу жимачу стагах.

Хьаналчу къинхьегамах бахам гулбина Георгий ваха хаале, 1914-чу шеран мангалан (июль) беттан 15-чу дийнахь дуьненан хьалхара тIом болалой, салт воккху иза. 189-чу гIашлойн батальонна юкъайогIучу 5-чу полкехь дIаболало Жуков Георгийн бIаьхаллин некъ. Буьрсачу тIеман хьелашкахь майралла, доьналла гайтарна ши орден елира цунна. 1916-чу шеран эсаран (октябрь) баттахь чIогIа чевнаш йина тIамна юкъара вала дийзира Россин Эскаран эпсарийн лахарчу чинехь хиллачу бIаьхочун. Дарбалелор дахделира, чевнаш йирзина ца йовлуш. Лазартнера араваьлча дай-наний долчу юьртахь хан текхира жимачу стага. Кхуьнгара бала ца тоьаш санна, тиф лазар кхийтира. Доцца аьлча, цхьа-ши шо лазарш лехьош чекхделира цуьнан. Амма, 1918-чу шарахь дуьйна ЦIечу Эскаран цхьана декъан командир вара. 1919-чу шеран бекарг (март) беттан 1-чу дийнахь дуьйна коммунист вара иза. Инарлийн Врангелан, Деникинан эскаршна дуьхьал тIом бира.

Россера граждански тIом чекхболуш дошлойн эскадронан командир вара Жуков Георгий. Делахь а, хьуьнаре бIобаьчча санна Жуков Георгий гIараваьлла Халхин-Голехь бинчу тIемашкахь бIаьрла толам баккхарна. 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 22-чу дийнахь ямартлонца немцойн фашисташ СССР-на тIелатар дина, Сийлахь-боккха Даймехкан тIом дIаболалуш, генеральни штабана куьйгаллехь вара майра бIаьхо. 1941-чу шеран асаран (июнь) беттан 23-чу дийнахь дуьйна къилба-малхбузерчу фронтехь вара иза, мостагIех летачу салташна уллохь. Амма советийн эскарш фашисташна мел майра дуьхьала девлла хиллехь а, говзачу инарлаша, маршалша царна куьйгалла деш хиллехь а юьхьанца толам немцошкахь бара. Дукха гIаланаш йохош Москвана герга гIерташ вара мостагI. Минск, Смоленск мостагIчуьнгахь яра. Ленинградана гуолаьцнера. Эххар а, Киев а церан караяхара. Иза мостагIчунна йитина, советийн эскар юхадалар бахьанехь Сталин Иосифан а, Жуков Георгийн а дош дашера делира. Iедалан мукъ шен карахь болчу Сталина 1941-чу шеран мангалан (июль) беттан 29-чу дийнахь генеральни штабан хьаькам волчуьра дIаваьккхира Жуков Георгий. Бакъду, СССР-н коьрта шахьар Москва гIала мостагIчух ларъяр иза воцчунна тIедилла-м ца хIоьттира Сталин.

Цул сов, Сталинград мостагIчух дIацIанъяран план хIоттийнарг а Жуков вара, инарла Василевскийца цхьаьна. «Уран» хилла оцу планан цIе. ЦIечу Эскаро цунах пайдаоьцуш немцойн фашисташ Идалал дехьа кхийсина. Иштта цо кечйина «Искра», «Полярная звезда» цIерш йолу операцеш. Прибалтикера мостагI эккхор Iалашо йолуш яра и операцеш. Уьш кхиамца советийн салташа чекх а ехира. 1943-чу шеран кхолламан (январь) беттан 18-чу дийнахь Жуковна маршалан цIе ло. Фашисташна дуьхьал тIом болабелчахьана советийн инарлашна юкъахь дуьххьара делла иштта лакхара дарж. Вайна хууш ма хиллара, 1944-чу бIаьстенан юьххьехь маршала Жуков Георгийс куьйгалла деш долу эскар Карпаташка дIакхочу. Цул тIаьхьа дукха хан ялале СССР-н берриге а мохк фашистийн йовсарех дIацIанбо. 1945-чу шеран бекарг- оханан (март-апрель) беттанашкахь «Малхбален-Померански операцехь» дакъалоцуш яра Жуков коьртехь хилла 1-ра Беларусин фронт. 1945-чу шеран хIутосург (май) беттан хьалхарчу деношкахь шен эскарца Берлинехь вара маршал-толамхо Жуков Георгий. Иза ву 1945-чу шеран хIутосург (май) беттан 8-чу дийнахь буьйса юккъе йоьдуш немцойн фельдмаршалца Кейтель Вильгельмаца Берлинан йистошца Iуьллучу Карлсхорстехь мостагIчо капитуляци йина хилар чIагIдеш куьйгаш таIийнарг. Дукха къахьегна, тIеман арахь халонаш гина вара Жуков Георгий, тIом чекхбаьллачул тIаьхьа хьакъ доллучу кепара Iедалера сий-ларам гина вацахь а. Доьналла долуш, майра стаг хилла иза. Кхин хIумма а ца хилча а, вай- нах махках баха питанаш кегийна, доцу бахьанаш дуьйцина волу Берия Лаврентий схьа а лаьцна чуволла хIоьттинарг и цхьаъ бен вац советийн маршалех.

2016-чу шеран гIуран (декабрь) беттан 1-чу дийнахь 120 кхочур дара Жуков Георгийн. Амма иза вайца воцу дукха хан ю. 1974-чу шеран асаран (июнь) беттан 18-чу дийнахь дIаваьлла маршал. ДIавоьллина ву Москварчу ЦIечу Майданахь.

А.ГАЗИЕВА

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: