«Синмехаллийн» мехалла

ХIара чекхдолу шо беркате деанера Итон-Кхаьллан кIоштан культурин отделана – Хьалха-Мартан а, Невран а кIошташца хиллачу къийсадаларшкахь толамхой хилира уьш. Халахеташ делахь а, иштта ца нисделира хIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин культурин департаментан кегийрхошца дIабаьхьначу къовсамехь. Амма дерриге а шен рогIехь…

IMG_9050

Хууш ду, нохчийн къоман гIиллакх-оьздангаллин мехаллаш денъян а, уьш вайн дахарна юкъаяло а йолчу Iалашонца республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедилларца культурин министерствос «Синмехаллаш» проект дIахьош йолу масех шо хилар. Дуккха а кхиамаш бу оцу проектан. И бахьана долуш меттигерчу культурин кхерчаша халкъана юкъара дIадевлла я дIадовлуш долу гIиллакхаш юхадендина а, тIе тидам бахийтина а меттигаш алсам ю. Амма цаьрца цхьаьна заманан лехамаша юкъадоху керланаш а девза хьовсархошна. Церан мехалле хьаьжжина, уьш тIеоьцу я емалдо культурин кхерчийн исбаьхьаллин декъан дакъалацархоша. Царна жамI до талламбархойн тобано а, хьовсархоша а. Цундела, олуш ма-хиллара, Iаж божа меттиг яцара БухIан-Юьртарчу Эдилсултанов ШитIин цIарахчу культурин цIийнехь. Кхузахь гулбеллера шина а кIоштара куьйгалхой а, озабезамхой-хьовсархой а.

Ала деза, къийсадаларийн 1-ра номинаци мехала яра – вовшахтоха езара къоман музыкин гIирсашца (кехат-пондар, дечиг-пондар, Iадхьокху пондар, шедаг, зурма, жиргIа) юьзна йолу оркестр. И тIедиллар тIехдика кхочушдинера шина а тобано. И гIирсаш хиларал сов, оркестро тIаьхьара мукъам а балош, Россин Турпалхочух Кадыров Ахьмад-Хьаьжех а, Даймахках а лаьцна дукха башха иллеш дIаэлира шина а тобанан кегийрхоша.

ШолгIачу номинацехь гайта дезара къоман таханенца доьзна гIиллакх. Вайн таханенан лазаман сурт – дена-нанна хIун ду ца хууш, кегийрхоша корта бахош долу молханаш лелор Iорадаккхар дика гайтира итонкхаьллахоша.

Иштта хилира 3-чу – къоман белхийн сурт гайтаран номинацехь а, 4-чу «Забарш, дийцарш» номинацехь а. Беркате яра къоман кхача номинаци.

Чаккхенан жамI Итон-Кхаьлларчу дакъалацархойн 110 балл а, Соьлжа-ГIалин культурин департаментан 120 балл а долуш дIадирзира къийсадаларш. ХIора а номинацин жамIдарехь таллам-бархойн тобанан декъашхоша довзуьйтура дика нисделларг а, нисдала дезаш хилларг а, тидаме оьцура гIалаташ, тIе тидам бохуьйтура юха царах лардала дезарна.

Шеко йоццуш, «Синмехаллаш» къоман культура кхиорехь дика школа ю. ГIалин культурин департаментан корматаллин зеделларг алсам хиларна, шаьш эшна бохург улло а ца дуьту итонкхаьллахоша, толам баккха хьакъдолчу тобанца дIадаьхьначу къийсадаршкахь шайна дуккха а керланиг довзар дуьйцу цара. Оха ший а тоба декъалйо толамца. Шеко йоццуш, лаьмнашкара Итон-Кхаьлла ледара яцара цхьана а номинацехь, амма къийсадаларшкахь цхьаъ тулуш хуьлу-кх…

Дала аьтто бойла керлачу къийсадаларшкахь!

Т.САРАЛИЕВА

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: