Нохчийн меттан денна лерина «ДоттагIаллин а, машаран а цIей» дIадаьхьира Дагестанан Казбекски районан Акташ-Аух юьртахь. Цигахь дакъалецира Россин Федерацин Пачхьалкхан Думин депутатан заместитела Зоммер Дениса, Нохчийн Республикин къоман политикин, арахьарчу зIенийн, зорбанан, хаамийн министран заместитела Гудаев Лоьмас, Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан, юкъараллин организацешца зIе латторан департаментан юкъараллин организацешца болх баран отделан куьйгалхочо Байсултанова Розас, регионан юкъараллин, кегийрхойн организацийн векалша а, иштта, меттигерчу бахархоша.
Ненан матто вайн дахарехь лелош долчу маьIнех, ненан меттан сийлаллех, хазаллех лаьцна дийцира къамел диначара. ХIораммо а шен-шен дешнашца олура, делахь а маьIна цхьаъ дара массара дуьйцучун – мотт къоман коьрта билгало хилар, ненан мотт хаар, бийцар хIора нохчичун декхар хилар. Ненан матте болу безам буьйцуш, вистхиллачу Гудаев Лоьмас элира: «Хьо муьлххачу махка водахь а, муьлхха меттанаш Iамадахь а, ненан мотт хаа, беза, бийца безаш бу. ХIунда аьлча кхидолу меттанаш хаар – иза Iилма ду. Ткъа ненан мотт хаар – дозалла».
«Шен ненан мотт халкъо сий ойбуш, Iалашбахь, цу халкъан паргIато цхьаммо а хьошур яц», «Мотт бу – къам ду, мотт бац – къам дац», «Ненан мотт ца хаахь – нохчи вац, хаалахь!», иштта кхидолчу а ненан маттах лаьцначу дешнашца кечйина яра Акташ-Аух юьртан Культурин цIийнан зал.
Билгалдаккха деза, 2005-чу шарахь дуьйна Акташ-Аухахь Нохчийн меттан денна, Нохчийн зудчун денна, кхидолчу нохчийн цIейшна лерина даздарш а, мовлад дешар а вовшахтуху меттигерчу вахархочо Казбекски районан депутата Умаев Iусмана. ХІара цхьаьнакхетар а цо вовшахтоьхнера.
Акташ-Аухан Х.Нурадиловн цIарахчу№ 1 йолчу, юккъерачу школин (цига оьхурш нохчийн бераш ду) дешархоша нохчийн яздархойн Сулейманов Ахьмадан, Рашидов Шаидан, Цуруев Шарипан, Аболханов Хьаькиман, кхечеран стихотворенеш йийшира, нохчийн эшарш а лекхира. Царна массарна юкъахь къаьсташ яра А.Сулеймановн «Зеламха» стихотворени ешна йолу 11-чу классан дешархо Минсултанова Йисита. Цо дагах кхеташ ешарна, бен ца хеташ цхьа а ца висира зала чохь, бIаьргах хи а делира хийланна. «Йоьлхуш юй-те и» олий, дагадогIура цкъацкъа, йоьIан «доьхна, дего» аз хезча.
Нохчийн гоьваьллачу артиста Межидов Сахьаба илли элира цхьаьнакхетарехь. Иштта, Даймахках лаьцна исбаьхьа йиш лекхира йоIарийн тобано а. Нохчийн хелхаран мукъам хезча, са а ца тохалой, сцени тIе лелхаш, хелхабуьйлучу баккхийчу наха самукъадоккхура гулбеллачеран. «Нийсо» газетан корреспондента Зайналабидов Халида ненан маттах довха дешнаш аьллачул тIаьхьа, кехат пондар локхуш, «Дог дохден цIе» илли элира.
Дагестанерчу нохчийн къанойн Кхеташонан векалш а бара нохчийн маттана леринчу концертехь гулбелла.Нохчийн Республикехь тIеэцначу кегийрхой ийманехь кхетош-кхиоран юкъарчу концепцица догIуш, меттигерчу кегийрхошца тайп-тайпана цхьаьнакхетарш дIахьо билгалъяьккхинчу Кхеташоно. Цигахь къоначарна нохчийн къоман гІиллакхаш, ламасташ, Iадаташ довзуьйту, пайдехь дерг дуьйцу.
Концертан программа чекхъяьллачул т1аьхьа, А-Хь.Кадыровн ц1арахчу спорткомплексехь мовлад доьшуш, саг1а доккхуш, кхид1а а д1адаьхьира цхьаьнакхетар.
А.МУСАЕВА
Авторан суьрташ