Нохчийн Республикин дешаран а, Iилманан а министерствон urok95.ru порталехь зорбане яьхна ОГЭ-н нохчийн маттехула дIаяларна гIоьнна лерина йолу демонстрационни кепаш.
Нохчийн маттехула ОГЭ дIаяла дезачийн аьтто хир бу лакхахь хьахийначу порталехь «ОГЭ по чеченскому языку» аьллачу (ссылкехь) тIетовжийлехь шена оьшург схьаэца.
Министерствон urok95.ru проект лерина ю дуьненчохь болчу нохчашна, шайн къоман мотт Iамон лаам хилахь, гIоьнна аьлла. Школашкарчу 1–11-чуй классашкахь нохчийн меттан программица хIоттийна ю лакхахь юьйцу курс.
Сайт хIора дийнахь бохург санна FUIIHD форматехь йолчу видеоурокашца тIеюзуш ю. Видеоурокаш министерствон студехь кечъеш ю нохчийн меттан а, литературин а говзанчаша-хьехархоша дакъа а лоцуш.
ХIора видеоурок белхан тIедахкаршца чекхйолу. Тесташ кхочушйича дешархочунна хуур ду шена мел, хIун Iемина.
Оцу сайта тIехь регистраци йиначеран шайн кабинета чохь (личный кабинет) ган аьтто хир бу нохчийн маттехула долу шайн хаарш мел ду.
З.ХИЗИРОВА
№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо