Дарбане куьйгаш

Дукха хан яц Гудиева Залина лоьран болх беш йолу. Амма хIинцале дархошна юкъахь дика цIе дIаяхана цуьнан. Къамел эсала хиларца, багара йолу Iаь мерза хиларца, дархошца собаре хиларца билгал ю иза шен белхан накъосташна юкъахь. Нохчийн Республикин Эндокринологин диспансерехь болх беш ю Залина. Къона лор Аштаркханехь Медицинин академи кхиамца чекхъяьккхина, Нохчийчу цIайирзина масех шо бен дац, делахь а, кIорггерчу хааршца, шен болх безарца къахьоьгуш йолу говзанча ларийна дархойн дегнаш тIе некъан тача даккха, уьш шена реза бан. 2010-чу шарахь Академи чекхъяьккхина яьлча, Гудиева Залинас Шелковски кIоштан больницехь болх бира, тIаьхьуо – цигарчу поликлиникехь. Шиннахьа а болх беш яра аьлла цкъа а цхьанхьа тIаьхьа ца йисина. Лор дика кхета хазачу хабаро а муьлхха лазар дайдеш хиларх. Цамгаро гIелвинчу дархочуьнгара бала дика бевзаш ю иза.

IMG-20161128-WA0016

«Лор хила дага муха деара хьуна?» – аьлла, оха шега динчу хаттарна жоп луш Гудиева Залинас элира: – «Тхан да вара «шекаран диабет» цамгар йолуш. ЧIогIа бала хьоьгура цо. Суна цунна гIо дан, цуьнан лазар дайдан лаьара. Иштта кхечира со Медицинин академе».

Халахеташ делахь а, дена къинхетаме орца кхачадойла ца хилира Гудиева Залинин. Академи чекх а яьккхина, пачхьалкхан экзаменаш дIаяла кечлуш яра йоI, да дIаваьлла аьлла, шийла кхаъ цуьнга кхочуш. Салоццуш, дог Iовжийнехь а бохаман ницкъ ца кхечира юьхьарлаьцначу Iалашонах иза тило. Цунна цкъа а дага ца деана шен дешар эрна хилла бохург. Лоьрийн гIо-накъосталла оьшуш больнице кхаьчна цхьа а стаг хийра ца хетта цунна. ЦIеначу даггара хьожу хIоранга, лерина ладугIу шегара къа-бала балхочу массо стаге а. Цундела даима дукха адам хуьлу Гудиева Залинина тIекхача лууш, цо дечу лоьралле сатесна. Куьйгаш а цхьа шатайпа дарбане, аьхна ду цуьнан олу дукхах болчу дархоша.

2013-чу шарахь дуьйна ю иза Нохчийн Республикин Эндокринологин диспансерехь болх беш. Тоьллачу лоьрех цхьаъ лоруш а ю. Белхан накъосташа дика мах хадабо цуьнан. Массаьрца мегаш, тарлуш нохчийн оьздачу гIиллакхийн гурашкахь схьайогIу иза, бакъйолу вайнехан зуда ша хиларе терра. Ма дика ду дархойн дог эца хууш, куьйгана говза, хьуьнаре лоьраш вайн махкахь болуш.

А.АРАПХАНОВА

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: