Карарчу шеран аьхка дуьне мел ду гIараелира Дагестанерчу полицин лейтенантан Нурбагандов Мохьмадан цIе. Шайн юьрта йистехь, Iаламехь, шен гергарчаьрца садоIуш Iачу цунна тIенисбелира зуламхой. Мохьмад полицейски вуй хиъначу зуламхоша иза, лаца а лаьцна, хьуьнах дIавигна, видеокамери чухула шен белхан накъосташка полицехь болх бар дита алийта гIоьртира. Ткъа Мохьмада, цара бохург ца деш, «Болх бе, вежарий» элира. Цул тIаьхьа цара иза вийра. Шайн дагахь шайгахь ницкъ бу аьлла хетийта, и видео YouTube чу яьккхира зуламхоша. Амма цара шайн бакъйолу юьхь гайтира, карахь герз доцу стаг а вуьйш.
Белхан накъосташна юкъахь яккха дика цIе, шех эца масал дитина Мохьмада. Iожаллин бIаьра а хьаьжна, шен белхан накъосташка весет а дина, мостагIий эшийра цо. Россин Федерацин Президента Путин Владимира къонахалла, доьналла, майралла, турпалалла гайтарна Мохьмадна Россин Турпалхо Сийлахь цIе елира, цуьнан да-нана ша волчу дIа а кхайкхина.
1985-чу шеран кхолламан беттан 9-чу дийнахь Дагестан Республикин Сергокала юьртахь дуьнен чу ваьлла Нурбагандов Мохьмад. Дашо мидалца шайн юьртара №2 йолу лицей чекх а яьккхина, Дагестанан пачхьалкхан университетан юридически факультете деша вахара иза. ЦIечу дипломца лаккхара дешар чекхдаьккхина ваьлча, Каспийск гIалин Ведомствона юкъахь доцчу гIаролан юрист-консультантан балха хIоьттира.
«Мохьмад хьалхарчу классехь волчу хенахь дуьйна дика доьшуш вара. Шен хьехархошца гIиллакхе вара. Нийсархошна тешаме, дика доттагI вара. Дика деша, классерчу берашна цакхетарг хьеха, школин дахарехь дакъалаца ларавора иза. Нийсо, низам чIогIа дезаш, лардеш хиларна, хьехархоша «Тхан къонах» аьлла, цIе тиллинера цунна», – дуьйцу №2 йолчу школин дешаран декъан директоран заместитела Абдурагимова Индирас.
Да экономист, нана лор елахь а, шен амалца йогIуш йолу корматалла яра Мохьмада хаьржинарг. Шен ден лорах дIаваха лаам болуш ву цуьнан кIант а. КIентан кIант къиза вер ла ца делла, и дIавоьллина кIира даьлча кхелхира цуьнан деда, Дагестан Республикин хьакъволу хьехархо Нурбагандов Мохьмад.
Дала Къуръан чохь аьлла: «ТIаьхьа дика доцуш цхьа а вуо ца ло Ша». Мохьмад кхалхарца боьзначу бохамо дуккха а кIентийн дегнаш иркарахIиттийра. Цуьнан весет кхочушдеш, шайн синош, догIмаш ца кхоош, бехк боцчу нахана зулам деш берш хIаллакбан чIагIо йира цара.
Нохчийн къомах иза цахиларх, вайн лулахо иза хилар а боккха юьхькIам бу вайна. Кавказхошна юкъахь массо а заманахь хилла къонахий. Церан могIарехь ю Турпалхочун Мохьмадан йоврйоцу цIе.
ТIаьхьенашна цуьнан цIе иэсехь йисийта, иза ваьхначу юьртахь цунна сийнна хIоллам хIоттийна, цо дешна школа цуьнан цIе лелош хир ю.
Дагестанан бахархошна доккха совгIат хилира, Даймахкана хьалха долу шен декхар кхочушдеш кхелхинчу Турпалхочуьнга болу сий-ларам гойтуш, Соьлжа-ГIалин цхьана урамна Нурбагандов Мохьмадан цIе тилларх. Оцу урамехь схьадиллина мемориальни у, «Болх бе, вежарий» аьлла, цуьнан тIаьххьара дешнаш тIе а яздеш.
М.ВЕГИЕВА
№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо