Школашкахь хаамийн библиотекаш хир ю

2016–2020-чуй шерашкахь Дешар кхиорна леринчу Федеральни Iалашонан программин гурашкахь Нохчийн Республикин 16 школехь карара 2016-гIа шо чекхдалале хаамийн-библиотекин туш схьайоьллур ю. И гIуллакх дийцаре дира Нохчийн Республикин юкъарадешаран организацийн библиотекарийн семинар-кхеташонехь. Юкъарадешаран организацийн библиотекашна и аьтто бина «ЛитРес:Школа» порталехь маьхза 150 эзар книга ешийтарца.

ХIинца дуьйна дешархойн аьтто бу школин программин исбаьхьаллин литература онлайнехь еша а, шайн лааме хьаьжжина, шаьш хаьржина книга мобильни гIирсашна чуяккха а. Хаамийн-библиотекин туьшахь болх бан лууш болу дешархой шайн «паролаш» а, «логинаш» а йолуш хир бу.

Электронни библиотекех пайдаэца аьтто хир бу школашкарчу хьехархойн а, библиотекарийн а.

З.ХИЗИРОВА

№130, пIераска, гIуран (декабрь) беттан 9-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: