ХIокху деношкахь Соьлжа-ГIалин Заводской кIоштан БухIан-Юьртахь шиъ некъан-транспортан бохам хилла. Оцу юьртарчу Мамсуровн цIарахчу урамехь вовшахкхетта «Ауди А6» а, «ВАЗ-21120» а машенаш. И некъан-транспортан бохам бахьанехь «ВАЗ-21120» машен тIера водитель циггахь кхелхина, «Ауди А6» машен тIехь хиллачу зуда лазийна. Иза Соьлжа-ГIалин сиха медицинин гIоьнан республикин клиникин больнице дIайигна.

Иштта, лаза а вина, больнице кхаьчна Хьалха-Мартан кIоштарчу ГIойтIарара а, Соьлжа-ГIалара а ши вахархо. Оцу некъан-транспортан бохамийн дIахьош таллам бу.
БухIан-Юьртахь хилла некъан-траспортан бохамаш а боцург, цул хьалха а, тIаьхьа а цхьа-ши де бен юкъа ца дулуш, Соьлжа-ГIалин тайп-тайпанчу кIошташкахь йохийна лаьтташ машенаш а, аварийн тIаьхьенаш йолу меттигаш а маситтазза гина вайна.
Нохчийн Республикин Куьйгалхочун Кадыров Рамзанан тIедахкаршца боккха болх дIабаьхьна, дIахьош а бу вайн махкахь некъан-транспортан бохамаш ца хилийтарехьа. ХIетте а лахлуш бац вайн некъашкахь хуьлуш болу бохамаш. Некъан низам, новкъахь леларан бакъенаш водительшна цахаарна, цара уьш талхорна, уьш сиха леларна хуьлуш бу и бохамаш.
Дукха бу оцу бохамашна юкъахь нисбелла заьIап биснарш, дIакхелхинарш, да-нана, йиша-ваша кхелхинарш. ХIора шарахь некъан-траспортан бохамаш бахьанехь вайн регионехь кхелхаш долчу адамийн статистике хьаьжча, иза некъашкахь дIабоьдуш баккъал а тIом болуш санна хьал ду. Масала, 2015-гIа шо вай схьаэцча, оцу шарахь Нохчийчоьнан некъашкахь 250 бохам хилла, цигахь 100 сов стаг кхелхина. Цундела вай жимма само еш хила дезара некъашкахь, къаьсттина хIокху мархийн баттахь а, марханаш достучу дезачу деношкахь а. ХIунда аьлча оцу хенахь адамаш некъашца алссам а, машенашкахь алссам вахар-вар а хуьлу. Хила-м хIора дийнахь хила дезара вай тидаме а, само еш а. ХIора шарахь бахархоша оьцуш йолчу машенийн барам алсамболуш бу, тIаккха оцу тIехь терго латтор кхин а лакхадаккха дезаш хуьлу. Цу тIехь терго латтайо вайн Iедало. Иза ду вайн республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана дуьйцург а, некъан боламан низам, новкъахь леларан бакъенаш ларъе бохуш, кхайкхам беш, вайна тIедуьллург а. И гIуллакх цо даима а шен тергонехь латтош а ду. Шен цхьана къамелехь некъан низам талхош болчара а, террористаша деш долу зулам а цхьана могIаре хIоттийра цо. Иза нийса а ду.
Маларна а, корта бахош йолчу хIуманашна а дуьхьал къийсам латтош а, тIекхуьуш долу къона чкъор кхетош-кхиош а дIахьош боккха болх бу вайн республикехь. Мелла а волуш, машенахь дIасаваха ваьлла водитель – иза зуламхо ву. Некъашца бохамаш хиларан коьртачу бахьанех ду корта бахочу хIуманех кхетар а, машенахь сиха лелар а. Ишттачара ойла ца йо новкъахь лелачу кхечу нехан, хила тарлучу тIаьхьалонан. Ишттачу нехан цхьа а деза хIума ца хуьлу. Уьш бахьанехь цхьа а бехк-гуьнахь доцуш долчу адамийн кхолламаш буху.
Нохчийн Республикехь таханлерчу дийнахь кхиаран, бахархойн хьелаш тодаларан а, синтеме хиларан а тIегIа лаккхара ду. Кхуза мел веанчо цунна тоьшалла а до. Цундела вайна новкъа ду оццул хазйинчу, тойинчу вайн республикехь иштта, некъан бохамашкахь дуккха а адамаш кхалхар.
I.МУРТАЗОВ
№72, шот, асаран (июнь) беттан 25-гIа де, 2016 шо