Делан Элча волчу Мухьаммадна (I.с.в.с.) салаваташ а дохкуш, тайп-тайпанчу вирдийн тобанаша зуькарш а деш дIаяьхьира эзарнашкахь болчу бахархоша А.-Хь.Кадыровн цIарахчу «Нохчийчоьнан дог» маьждигехь а, цунна гуонахарчу майданахь а гIуран (декабрь) беттан 11-чу дийнан Iуьйкъе. Иза лерина дара Мухьаммад Пайхамар (I.с.в.с.) дуьнен чу ваьлла де даздарна. Цигахь дакъалецира республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана а.
Гулбеллачарна хьалха вистхуьлуш цо билгалдаьккхира республикерчу бусалбанаша РаббиIул-Аввал бутт даима а ларбеш хилар а, царна шайн Мухьаммад Пайхамар (I.с.в.с.) дукхавезаш хилар а.
– Суна дозалла хета, вайн Мухьаммад Пайхамар (I.с.в.с.) дуьнен чу ваьллачу дийнах бахьана а хIоьттина, хIокху маьждигехь, кхунна гуонахарчу майданахь а дуккха а эзарнашкахь бусалба нах цхьаьнакхетта хилар: республикехь мел долчу вирдийн векалш, Россерчу кхийолчу субъекташкара беза а, лараме а хьеший, иштта кхиберш а. Кхузахь вай цхьа доьзал бу, хIокху дийнах даккхийдеш ду. Вайн дегнаш цIеначу ойланех дуьзна. Цул сов, вайн дайн махкахь хIара де билгалдаккха таро а, бакъо а хиларца доьзна, вай ирсе а ду, – элира цо.
Иштта цо дийцира, Ислам-дин лелор бахьана долуш, республикерчу бусалбанашна тIехь таIзарш латтийна хан а хилла хилар.
– Вайн дайша дийцарехь, хIокху республикехь Ислам-дин лело маршо йоцуш хенаш а хилла: Къуръан Iамош хаавелча, набахти чу вуллуш, жамIатехь ламазаш дойтуш ца хилла, ур-атталла маьждигаш а ца хилла. Ткъа вайн заманахь, АллахIан пурбанца, Соьлжа-ГIали юккъехь вуно доккха а, исбаьхьа а маьждиг дина. Оцу маьждига чохь гулделла ду вай хIокху Iуьйкъанна. Кху чохь ю вайн Мухьаммад Пайхамаран (I.с.в.с.) а, вайн устазийн а ассараш. Иза Дала вайх бина къинхетам а, Цо вайна делла ирс а ду. Тахана вайн бакъо ю Делан Элча (I.с.в.с.) вайна везаш хилар дерриге а дуьненна дIахаийта а, дIагайта а, – элира Кадыров Рамзана. – Республикехь болх беш хьафизийн школаш а, бIеннашкахь маьждигаш а ду. Къуръане а, Пайхамаран (I.с.в.с.) суннаташка а вайн безам ца хиллехь, хIара хьал Нохчийн Республикехь хирг цахиларх тешна а бу бусалбанаш. Ислам-динан бехкамаш а ларбеш, тобанашка декъалуш а доцуш, вовшийн дезаш а, лоруш а долуш хилар доьхуш кхайкхам бо ас республикерчу бусалбанашка. ТIаккха бен вай Пайхамаран (I.с.в.с.) умматна хьакъ хир дац, – олуш, дерзийра шен къамел республикин Куьйгалхочо.
Цхьаьнакхетар мовлад дешарца а, жамIатехь Iуьйра ламаз дарца а дерзийра. Цул тIаьхьа маьждига чуьра арабуьйлучу нахана Пайхамара (I.с.в.с.) лелийначу кедаца шишанашна чу доьттина хи дIасадийкъира, Пайхамаран (I.с.в.с.) ассарашка хьовса аьтто а хилира церан.
Сатоссучу хенахь Соьлжа-ГIала шатлакхо серлаяьккхира.
Билгалдаккха догIу Мухьаммад Пайхамар (I.с.в.с.) дуьнен чу ваьллачу денна лерина даздарш республикерчу массо юьртахь а, кIоштахь а дIадаьхьна хилар.
И.ХАСАХАНОВ
№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо