Кегийрхойн парламентан векалш Москвара цIабаьхкина

Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламентан делегацис, коьртехь республикин Кегийрхойн парламентан председатель, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъекташкарчу кегийрхойн парламентийн куратор Дагаев Муртуз-Iела а волуш, дакъалецира гIуран (декабрь) беттан 5–6-чуй деношкахь Москвахь дIадаьхьначу цхьаьнакхетарехь. Иза лерина дара Россин Федерацин Пачхьалкхан Дума йолчохь Кегийрхойн парламент кхоьллина 15 шо кхачарна.

Оцу цхьаьнакхетарехь дакъалоцуш бара Пачхьалкхан Думин депутаташ а, Россин тайп-тайпанчу субъекташкарчу кегийрхойн парламентийн а, коммерцин йоцчу юкъараллийн а, боламийн а, организацийн а векалш. Цуьнан гурашкахь дIаяьхьира Iилманийн-практикин масех конференци. Цул сов, республикерчу делегацин куьйгалхо Дагаев Муртуз-Iела цхьаьнакхийтира Москван ГIалин Думин председательца Шапошник Алексейца.

Иштта, Россин Федерацин Пачхьалкхан Дума йолчохь Кегийрхойн парламент кхоьллина 15 шо кхачарца доьзна оцу шина дийнахь дIадаьхьначу гIуллакхийн жамIашна лерина «Парламентан газетан» редакцехь йоккха пресс-конференци хилира. Иза дIайирзинчул тIаьхьа, Россин Пачхьалкхан Думин депутаташа Сийлаллин грамоташ а, Баркаллин кехаташ а, иштта кхидолу мехала совгIаташ а дира къоначу парламентарешна.

«Россин Федерацехь кегийрхойн парламентаризм кхиорехь къаьсттина къахьегарна» аьлла долу, Россин Пач- хьалкхан Думин Баркаллин кехат делира Нохчийчоьнан Кегийрхойн парламентан председатель, Къилбаседа Кавказан федеральни округан субъекташкарчу кегийрхойн парламентийн куратор волчу Дагаев Муртуз-Iелина.

– Нохчийн Республикин Кегийрхойн парламенто бечу белхан иштта лаккхара мах хадор вайн къоначу парламентареша доггах къахьегарца доьзна ду. Цара бечу белхан тидам а, терго а, пусар а республикин куьйгалло дина ца Iаш, Россин Пачхьалкхан Думехь а даро тхо чIогIа даккхийдедо. Дала мукъ лахь, кхидIа а къахьоьгур ду-кх вай оцу декъехь, – элира Дагаев Муртуз-Iелас.

И.АДАМОВ

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: