КхоалгIа меттиг яьккхира

ХIокху деношкахь Нижний Новгородехь дIаяьхьира кегийрхошна юкъахь хьалхеяккхаран паргIатчу кепара охьатохархлатарехула Ерригроссин турнир. Цигахь дакъалоцуш бара Россин ерриге а субъекташкара спортсменаш.

image9381140

Вайн республикера кхо спортсмен вара цигахь. Къийсадаларш деа дийнахь дIадаьхьира.

Вайн кхаа спортсменах цхьамма кхоалгIа меттиг яьккхира. Иза Гериханов Сайд-Селим (87 кг.) ву – РДЮСШ.

Вайн спортсменаш цига бохуьйтуш гIо дира РДЮСШ-н директора Гусигов Аптис, иштта уьш Iамийначу тренера Х.-Б.Эскерхановс.

З.ШИШХАНОВА

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: