Ширачу назманийн фестиваль

ХIокху деношкахь «Вайнахан» концертни залехь Мухьаммад Пайхамар (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) винчу денна лерина «Ширачу назманийн фестиваль» дIаяьхьира. Иза вовшахтоьхнера Нохчийн Республикин Куьйгалхочун а, Правительствон а Администрацин динан а, юкъараллин а организацешца зIенаш латторан департаменто а, Культурин министерствос а. Цигахь дакъалецира департаментан куьйгалхочо Абазов Рустама, Нохчийн Республикин муфтин заместитела Сатаев Рамзана, Россин Исламан университетан ректора Мутушев Iабдул-Рахьима.

23_w1000_h700

«Ширачу назманийн фестивалан» мехаллех лаьцна дийцира Р.Абазовс: – Таханлера фестиваль къаьсттина мехала ю. ХIунда аьлча, назманашна лерина ю хIара. Назманаша адамийн дегнаш чуьра бала а, гIайгIа а дIайоккху. Назма аларан хаза Iадат вайн дайшкара дуьйна схьадогIуш ду. Нохчийн Республикин хьалхара Президент Кадыров Ахьмад-Хьаьжа даима вара Дела хьехор а, назма алар а дукхадезаш. Вайна ма-хаъара, шаьш махках даьхначу хенахь дукха къизалла гина а, баланаш лайна а бу вайнах. Цигахь, назманаш аларо церан дегнашна синтем беш хилла.

Назманаш алар доккха Iибадат хиларх лаьцна элира Сатаев Рамзана: – Пайхамаран (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) цIе яккхар а доккха Iибадат ду. Адамашна дахарехь уггаре а чIогIа оьшург – Дала шена деллачун хама бан хаар ду. Тахана вайгахь йолчу маршонан, дин лело йолчу паргIатонан вай хама бан беза. ТIаккха Дала шен диканехь совдохур ду вай, – элира цо.

– Цхьаболчара назманийн хьокъехь иштта ойла еш хила тарло: «ХIун пайда хуьлу назманаш аларх?!», олий. Дахарехь хIора а стагана хала киртиг тIехIутту, уллера цхьаъ кхалхарца я кхин сингаттам Iоттабаларца. Ишттачу меттигашкахь шен дог паргIатдаккхархьама хьехамашка ладугIу стага. Цхьайолчу меттигашкахь хьехам бича а ца кIадлуш долу дог назма аьллачохь кIадлуш нисло. Дог кIадделча бен бIаьргех хи а дер дац. Назма алар Iибадат ду. Цхьамма а сийсаз деш а доцуш, дин лело вай маьрша хилар доккха хIума ду, – бохура Кунта-Хьаьжин цIарахчу Россин Исламан университетан ректора Мутушев Iабдул-Рахьима.

Цул тIаьхьа, республикин кIошташкарчу назманийн тобанаша шира назманаш а олуш, дIаяьхьира фестиваль.

З.ЛОРСАНОВА

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: