Массеран а юкъара лазам

Коррупцина дуьхьал къийсам дIабахьарна тIехь йоккха терго латтайо республикехь. Карарчу шеран хьаьттан (август) баттахь республикин Куьйгалхочо Кадыров Рамзана кхочушдаран органашкахь 2016–2017-чуй шерашкахь коррупцица къийсам латторан план а хIоттийна.

МЖКХ

ГIуран (декабрь) беттан 9-чу дийнахь билгалдоккхуш долчу Коррупцица къийсам латторан дуьненаюкъарчу денна лерина республикин гIишлошъяран, бахаман-коммунальни министерствон актови залехь доккха цхьаьнакхетар дIадаьхьира.

Цигахь дакъалецира министерствон куьйгалхочо М.Зайпулаевс а, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан прокуроран коьртачу гIоьнчас Э.Болтаевас а, Юкъараллин палатин векала Д.Яхъяевс а, министерствон предприятийн куьйгалхоша, белхахоша, кхечара.

М.Зайпулаевс дийцира коррупцица къийсам латторан декъехь министерствехь динчух а, кхидIа дан леринчух а лаьцна.

– ХIокху министерствон куьйгалле со хIоттийна дукха хан яцахь а, кхуьнан коллективах а, керлачу декхарех а вола ларийна со. Айса кхузахь йоккхучу хенахь, суна коррупцица доьзна хIумма а хааделла дац. Оцу тайпана хIуманаш кхузахь цахиларца доьзна хила лаьа суна иза. Коррупцица къийсам латто беза бохуш, вай кхузахь а, кхечара шаьш долчохь а, иштта радиошкахула а, телеканалашкахула а, газеташкахула а дуьйцуш ду. Амма хаза хIун ду? ДIахаьттича, коррупци езаш цхьа а ца хуьлу, массо вовшашна хьехарш деш а хуьлу. Ткъа коррупци, вай мел яц бахахь а, республикехь йолуш ю. Деккъа цхьа кхаьънаш даларх лаьтташ яц коррупци. Ас, суо министр хиларе терра, хIокху балха сайн гергарниг я вевза-везарг валор а ду коррупцин дакъа. Цундела доцца а, ма-дарра а дIаала деза: коррупци, вайна иза езаш яцахь, кхузахь хир яц, – элира министра.

Цул тIаьхьа министерствехь 2016-чу шеран 11 баттахь коррупцица къийсам латторан декъехь бинчу балхах лаьцна доклад йира министерствехь Коррупцица къийсам латторан кхеташонан секретара М.Махмаевс.

Цхьаьнакхетаран чаккхенехь дош хьешашка а делира. Юкъараллин палатин векала Д.Яхъяевс М.Зайпулаевн гIиллакхийн а, корматаллин а мах хадийнехь, Соьлжа-ГIалин Ленински кIоштан прокуроран коьртачу гIоьнчас Э.Болтаевас Коррупцица къийсам латторан дуьненаюкъарчу дийнах лаьцна дийцира гулбеллачарна.

– М.Зайпулаевс билгалдаьккхина ма-хиллара, коррупцица къийсам латторехь хьехарш дан берриге а говза карабо вайна. ХIара де бIе сов пачхьалкхехь билгалдоккхуш ду. Цхьаболчу мехкашкахь коррупци чIогIа яьржина хуьлу, кхечанхьа – наггахь а хезаш ца хуьлу цунах лаьцна. Цундела, хIокху вайн, Нохчийн Республикехь коррупци яьржина хир ю я цунах лаьцна наггахь а хезаш хир дац бохуш дерг вайн хIораннан а карахь ду, – дерзийра шен къамел Э.Болтаевас.

Цул тIаьхьа министерствон белхахойн шайн куьйгалхошка а, хьешашка а хаттарш дан а, хетарг довзийта а таро хилира.

И.ИСЛАМОВ

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: