Къоначу хьажархочун театр керлачу шарна кечлуш ю

Керла шо тIедогIуш хиларца доьзна, Соьлжа-ГIаларчу Къоначу хьажархочун театрера актераш «Новогоднее шоу» программа кечъярна тIехь болх беш бу. Лахьанан (ноябрь) беттан юьххьехь дуьйна дIайолийна цара репетицеш. Керлачу шарна лерина йолу хIокхушеран программа дIадаханчу шеран программица юьстича, цхьацца башхаллаш а, къайленаш а хир йолуш ю. Цу хьокъехь тхоьца къамел хилира оцу театран режиссер-постановщикан Зухайраева Миланин.

imagefff

– Керлачу шеран даздаршна лерина йолчу «Новогоднее шоу» юкъахь массарна а дика девзаш а, дукхадезаш а долу «Морозко» туьйра а, «В поисках подарка» утренник а хир ю. «Морозко» юкъахь ролаш ловзор ю 6 турпалхочо. Уьш бу – Нохчийн Республикин халкъан артист Виситаев Iамирбек, Нохчийн Республикин халкъан артистка Газалапова Зараъ, актриса Такаева Фатима, Юнусова Линда (цуьнан дебют ю), Сатабиева Элима, Эльбазурова Малика, ткъа уггаре а берашна дукхавезаш волчу ГIура-Дадин а, Лайн-Аьзнин а ролаш Мусраев Ислама а, Хасуева Маликас а ловзор ю. Соьлжа-ГIалахь гайтина ца Iаш, вайн республикин тайп-тайпанчу кIошташкарчу бахархошна а гайта лерина ду тхо иза. ДIадаханчу шерашкахь санна, хIокху шарахь а, тхайн ницкъ кхочучу барамехь дуккха а кIошташка кхача ойла ю тхан. ГIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь дуьйна гайта йолор ю Керлачу шеран даздаршна лерина йолу шоу. Соьлжа-ГIалина уллехь йолчу кIошташка кхаьчна ца Iаш, геннахь йолчу кIошташкахь а хир ю актерийн тоба. Масала, гIуран (декабрь) беттан 23-чу дийнахь Теркан кIоштарчу берийн самукъадоккхур ду театран актераша.

ДIадаханчу шеран программе хьаьжча, хIокху шарахь гайта леринчу программи юкъахь хийцамаш хир бу. Масала, хIинццалц гойтучу спектаклаш юкъахь даима а коьрта турпалхо вуочу зуламхойх кIелхьарвоккхуш я вуочу турпалхоша дикачарна цхьацца тешнабехкаш беш хиллехь, хIокху шарахь иштта хир дац. Хазачу а, дикачу а туьйранехь санна чулацам хир бу. Ерриге а къайленаш хенал хьалха йовзуьйтур яц оха. И дерриге а хьовсархошна шайна гур ду. Актераша тайнигашца шайн ролаш ловзийначул тIаьхьа хадор бу хьовсархоша оцу ловзаран мах, – дийцира цо.

ГIуран (декабрь) беттан 22-чу дийнахь дуьйна кхолламан (январь) беттан 8-гIа де кхаччалц дIаяхьа лерина ю «Новогоднее шоу» программа. Иштта, Миланас дийцарехь, оцу театран филиал ю Невран кIоштахь. Кхузахь санна, оцу филиалан белхахой а бу Керлачу шарна леринчу программи тIехь жигара къахьоьгуш. Вай тешна ду, шайн хьуьнаршца Къоначу хьажархочун театран актераша Соьлжа-ГIалин а, кIоштийн а бахархой цецбохург а, цара церан самукъадоккхург а хиларх.

З.ХАСИЕВА

№131, шинара, гIуран (декабрь) беттан 13-гIа де, 2016 шо

Нагахь йозанехь гIалат карийнехь, иза долу кийсак схьа а харжий, Ctrl+Enter (цхьайолчу ОС-кахь Enter+Ctrl) тIатаIайе.

Добавить комментарий

Ваш адрес email не будет опубликован. Обязательные поля помечены *

ГIалат даьлла хилар хаийтар

Тхуна гур долу йоза: